ТIекхочийла долу линкаш

Азербайджанан тIеман министралло хаамбо, Эрмалойчоьнан Iедалца бертан дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа Карабахехь тIеман тийсадаларш совцийна бохуш. И хаам т1ечIагIбо Карабахан тIеман министралло а. Хьалхо эрмалойн президента Саргсян Сержа дIахьединера, Карабах бозуш боцу маьрша мохк хуьлийла ду, аьлла.

Цо бахарехь, тIеман конфликт самсаяларо Къилба-Кавказан кхерамзалла йохийна ца Iаш, ерриг Европан регионна хьовзам бо. Оцу юкъанна Азербайджанан Iедало ша кийча ду боху герзаш кхийсар совцо, нагахь санна эрмалоша шайн территори т1ера эскарш юхадахахь. Охан –бутт карабеачхьана Карабахера хьал карзахдаьлла.

Оршотдийнахь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацино бинчу хаамашца, азербайджанхойн, эрмалойн хиллачу тасадаларшкахь вийна 30 сов стаг, лазийна 200. Оршоьтан буса, шиннан а агIоно бечу хаамашца, Карабахехь хьал шога лаьтта тахана а. Кьаьмнашна юкъара конфликташ ерзочу тобанехь Францин, Оьрсийчоьнан, Iамеркан дипломаташ цхьаьанкхета лерина бу тIедогIучу деношкахь Венехь Карабахан конфликт ерзон некъаш лоьхуш.

XS
SM
MD
LG