ТIекхочийла долу линкаш

Жоьжахатех чекхвоккхий, иймане валош...


Нохчийчоь -- "псевдоисторикашна" Ибрагимов Ризавнна а, Дидиев Абубакарна а довдеш бу Нохчийчьура Iедалан дай, интеллигенци.

Нохчийчоь -- "псевдоисторикашна" Ибрагимов Ризавнна а, Дидиев Абубакарна а довдеш бу Нохчийчьура Iедалан дай, интеллигенци.

Вадийначу цхьаннах даьржина далале, важа а вадош, тIаьхьий-хьалхий ницкъахоша дIалоьцу Нохчийчохь интеллигенцин векалш. Дахначу мукъаденошкахь а, хьалхо а вадийначу кхаанах шиъ – Ибрагимов Ризван а, Дидиев Абубакар а, Кадыров Рамзанна тIе а вигина, чехийначул тIаьхьа, Iеламчехула тоба а дайтина, мукъаваьккхина.

Ткъа цкъачунна хилларг ца хууш дуьсу илланчах, Iилманчах Бетелгириев Хьусайнах. Низамца мел догIу Кадыров шена товш боцу махкахой оцу кепехь шена муьтIахьбан гIертар?

Вадийна Ибрагимов Ризван, Дидиев Абубакар, цара шаьш бахарехь, полице вигина деа дийнахь латточу юкъанна, уьш санна вигина, хIинца а латтош волу Бетелгериев Хьусайна а санна, доьза вайна гергарчара лохуш ву Устрада-ГIалара жимастаг Хумидов Iимран а.

Оцу тIаьххьарчух ала хууш дац журналисташна хIумма а, шен машенахь аравалларх цIа ца кхачар доцург.

Ткъа вукхарех дерг кху деноша гойтучу битамийн тергойича кхета массо а нах а бигинарг цхьа хьукмат юйла: Iаьржа «приораш», тIуьтмIаьжигаш кIел лечкъаш а боцуш баьхкина низамхойн духарахь нах.

Ибрагимовххий, Дидиевххий дерг кхетта вай: ший а бехкево цара историн Iилманна герга а доцу, шайна лелла аьлла хетарг даржош тептарш зорбане дахарна, Кадыровс а, цуьнан гоно а, дукхахболчу махкахоша а тIеоьцуш доцчу кепехь бусулба динах, адаман кхолламах лаьцна дийцарна.

Оцу шинга Кадыровс бартхаьттира шинарийдийнахь махкара интеллигенташ, полици, Iеламчаш а гулбина, тIе телекамераш а ерзийна.

Гулбеллачех кхин а маситтаммо емалвинчул тIаьхьа, Ибрагимовга а, Дидиевна а шаьшшиъ шайга Iоравоккхуйтуш, къамелаш дайтира.

Цул тIаьхьа, делахваьлла а лелла, юха имане валош санна, тоба дайтира шингге а. ТIаккха юха а камераш чу дехха дийцийтира махкана шаьшшиъ мел кхераме вара, хIинца мел имане веана. КхидIа истори хьахош хIумма цаяздан, цалело чIагIо а йира шимма.

... Оцу шинца дерг къастина лору Кадыровс а, махко а. Царна чохь велла лара деза ши «псевдоисторик». Ткъа стенга ваьхьина, хIунда вац гойтуш хIинца а Iилманча, бIеннашна францойн мотт Iамош, дуккха а шерашкахь университетехь ваьллина, иштта махко а лоруш бард-иллиалрхо волу Бетелгириев Хьусайн?

Жоп доцуш ду. Мехкан прокуроро шен мел тIаламбо кхечу низаман хьукматаша гойтуш санна даржийна дIахьедар. Бетелгириев вадийна бевзашбоцучара, иза йоккха харцо ю, иза лехар эвсарадоккхийла талламан комитето, боху прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис.

Истори шайн кепехь кхеторна бехкевина шиъ дIахоьцуш, стенна ца вахийтина шен цIа, изза низамца йоцу гIело йина мукъане а, Бетелгериев Хьусайн?

Бахьана кхетачунна кхеташ ду, делахь а версеш массеран а шайн-шайн ю.

Маршо Радиона хаьа иллиалархо шинарийдийнан сарралц йолчу ханна дийна варий. Бакъду, кхин шуьйра дуьйцийла дац – Бетелгериевна тхан дийцар баледаларна болчу кхерамца.

Нохчийчуьра хьал тергалдеш тахана вуно дукха бакъоларъярхой бу дуьненан маьI-маьIIехь, цкъачунна тийна Iа уьш, Нохчийчоь маьршачу ойланах цIанъян арабаьллачу ницкъо дийриг, дендерг ца кхеторна, шайгара шаьш меттахъхьайча Бетелгериевна зуламе хиларх кхоьруш. И ойла массех вевзаш волчу бакъоларъярхочо къадийна Маршо Радионе.

Цкъачунна иштта ду хьал, мелла информацин жанран низамаш лардеш декъа дийцича. Амма Бетелгериевх хирг, дийриг гучудаларца, шеко яц, дуккха а хезар ду Кадыров Рамзанна махкара адам ша магочу а, шена тIерачу президенто магочу а семан васте дерзош, хьийзарна дуьненна хетарг.

Ткъа оьшу цунна иза, я ца оьшу, иза цкъачунна цуьнан гIуллакх хилла дуьсу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG