ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом сацон барт бохорна эрмалой а, Карабахера сепаратисташ а лору бехке


Ереванехь а, Бакох а бинчу сацамашца тIом сацо бина барт тIелетаршца бохорна эрмалой а, Карабахера сепаратисташ а бехкебина Азербайджано. Цуьнан тIеман министралло далочу терахьашца 119-за машаран раж йохийна тIаьххьарчу 24 сахьтехь. Герзаш кхийсина эрмалойн эскарша Нахичеванан кIоштарчу ярташна тIе, чIагIдо Бакохара.

Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а дипломатийн дай вовшахкхийтира Бакох еарийдийнахь. Иштта Ереванехь хилира Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий. Карабахан статус-кво ларъяр ду хьаште, иза йохаяхь марсабала тарло тIом, дIахьедина Азербайджанан арахьарчу гIуллакхийн министро Мамедьяров Эльмара.

Шинарийдийнахь тIемаш совцон бина барт ларбо шаьш, эскарш дуьхь-дуьхьал лаьттачу меттигашкахь хьал гIоьртина латтахь а, аьлла Еревано а, Степанакерто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG