ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дукхахболчу чехашна гина а бац, ган а ца лаьа нохчий


Чехашна цхьа а бала ца бохьуш, цаьрца мерза беха, хаттамехь дакъалаьцначара бахарехь, лулара словакаш. Уьш дIабевлча, безаме бу чехашна британхой, тIаккха францхой, царел тIаьхьа Iамеркахой.

Цабезаман тIегIа: махкахь массо а къаьмнел новкъа хета чехашна цигонаш. БIенах иттанна бен дац уллехь цигон нисвалар бен-башха, вукхарна иза ганне а цагар шайна гIолехьа хета.

Цабезан могIарахь цигонел тIаьхьа ца буьтуш хьахийна чехаша нохчий.

Стенна?

Дукха бац нохчий Прагехь а, ерриг Чехехь а. Цабезам мила ву-те гIаттийнарг? Дийнахь чIурам латийна лехча карол а боцчу кхузарчу нохчаша хьам стенна баьккхийитина бухарчу нахе?

Ехха зама ю жигара юкъархо, чехашна ша а вевзаш, шена уьш а бевзаш, Прагехь Мовлад веха. Иза реза вац STEM агенталло бина баржийначу талламашкахь нохчий уггаре чехашна цадезачу къаьмнийн могIарахь хиларна. Иза хуьлийла дац иштта боху цо.

Чехехь бахархошна ган ца луучу къаьмнийн декъахь цигонаш а, нохчийн а хьахийначул тIаьхьа цIе яьхна къамнаш ду Малхбалера – Iаьрбий, овхIанхой, кхидерш.

STEM-е а дира Маршо Радионо къамел. Цуьнан векале оха хаьттира, Чехехь аш хаттамбинчу наха шайна нохчий бовза а бевзаш бохий уьш шайна ца тов.

Нохчий массо а зорбанехь, хаамитйн гIирсашкахь буьйцуш хуьлу дела дара шаьш хаттаман тептарахь хьахор нахе, дара жоп. Ткъа и къам девзаш, нохчашца гIуллакха а даьхкина барий аш къамеле боху чехаш, аьлла хаьттича, бацара, чехашна нохчий телевизионашкахь бийцарца бен ца бевза, элира агенталлан векало.

Синтем луш ду изза хаттамаш нахе оцу агерталло хьалха шерашкахь а бина хилар. Лурчаха а, цул хьалха а 16-18 процент бен бацара нохчий шайн лулахошлахь хилар ловр дара шаьш аьлла нах. ХIинца нохчийн лан реза бу 20 процент Чехин бахархой.

XS
SM
MD
LG