ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан спортхоша допингех пайдаоьцу


Оьрсийчоьнан прокуратурано толлур дац Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталло цигарчу спортхоша диллина допингех пайдаоьцу аьлла хIоттийначу рапорто даладе тоьшаллаш. Оьрсийчоьнан спортан министро Мутко Виталийс дIахьедина, Инарла прокуратурано къастийна рапортца дерг, кхелехула листа хIума а ца карийна, аьлла.

Яхначу гурахь антидопинган агенталло Оьрсийчоьно дуьненаюкъарчу чемпионаташка хIиттабе дуккха а гимнасташ доппингаш лелош бу аьлла бинчу сацамна тIе а тевжаш, дихкира гимнасташна Оьрсийчоьнал арахьарчу спортан барамашкахь дакъалаца.

Оццу муьрехь антидопинган агенталлан куьйгалхочо Паунд Дика даржийра дуьнено а магош доцу дегIе гIора доссаде молханаш шен спортхошна магадо Оьрсийчоьнан Iедало, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG