ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкхана коммуналан а, кхин тайпа а декхарш тIехь долчу нахера, некъа сеца а беш, декхарна дуьхьал машенаш дIайоху Нохчийчохь. Иштта тIаьххьарчу шина баттахь 80 стаг ваьккхина шайн доларчу машенех.

Ткъа и сацамаш кхочушбен пурстоьпаш лаьтта Нохчийчухалу дIасалелачу машенийн терго а еш. Официало бечу хаамца, 200 миллон гергга нахера бахам дIабаьккхина пурстоьпаша цаьргарчу декхаран метта.

XS
SM
MD
LG