ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша тайпа хаза ю Морокко


Мароккко, элийн резиденци, 2016
Мароккко, элийн резиденци, 2016

Iарбийн мехкашкара керланаш хезаш хетало и массо а мохк тIемаша а, къепедацарша а, диктаторийн режимаша а йийсарехь латтош бу, амма иза иштта дац.

Нагахь санна, шуна телевизионехула цкъа а Малхбалерчу Iарбойн пачхьалкхийн гIаланашкара къорза дахар гинехь, Шахерезадин дийцаршкахь ориентан бес-бесаралло шу цецдаьхна хиллехь, нагахь санна шуна туьйранашкахь Iарбойн шира базарш юьйцуш хезнехь, хоийла шуна – и дерриге а туьйра дац шуна, некъахойн репортажаш юьйцучу журналаша хазбина аьшпаш а бац шуна.

Market in Morocco,2016
Market in Morocco,2016

ГIалин муьлхачу маьIIера дIа йолалуш хеташ йолу доза а, ков-керт а, барам а боцу базарш. Цу базаршкахь йохкархойн маьхьарий, шайнарг-шайнарг санна сурсаташ дан а дац бохучух тешна болчу, маьI-маьIIехь дечигах, эчигах, куьйганах пхьегIанаш я чиркхаш я кхин болу гIирсаш беш бохку пхьераш.Иза дерриге а муьлхачу а Мароккорчу йоккхачу гIаланийн дела де ду шуна. Ткъа цкъа а ца соцуш аьлча санна яккхийчу гIалин юкъерчу урамашкахь бекаш болу къоман мукъамаш гергарчу хьесапехь берриш а аьлча санна иштта бу.

Шайна гонахара гIовгIа ца хезаш санна кIирбелла болх беш болу, сагIадоьхурш, лаьттахь тар тесча санна тебна Iохку лаьхьанаш шедагашца Iехошболчу зурманчаш, ваа палтоссу зударий, куьйга тIехь хенна басаршца исбаьхьа йозанаш яздан лууш хьуна тIеуьдурш, каллиграфин говзанчаш. Иштта дIа кхин а, дийцина а ца яллалц тамашийна адамаш а, васташ а.

Market in Morocco,2016
Market in Morocco,2016

Марокконо шен басаршца цецвоккху, шен исбаьхьчу хьожанашца. Амма уггаре а коьртаниг – шен догцIеначу адамашца.

Цу догцIеналлийца, хьуна хьошалла дан сатесна уьш хиларца нохчех тера догIу церан аматш, я иштта хетало, Нохчийчоьнна масех эзар километр геналлера, муьлха а ларамаза тIехоьккхуш гинчу къаночун сибат а нохчийн воккхачу стеганчух терахеталучохь, хIора а базарахь кIархаш я вета духку йоккха стаг а нохчийн бабех тарлучохь.

Ала дашна, вета боккъал а ду шуна Мароккохь. Нохчийнарг санна долу вета, миндалца а, арган даьттанца а деш долу. Хьан бIаьргашна хьалха схьадо цара иза, шура чекхйоккхучу машенах террачу цхьана чархичу мозий, даьттий, бIараш чу а кхуьссий.

Чам а бу нохчийн ветин санна, амма марокхоша цунах тухуш дерг беза мах болу арган-даьтта хиларх терра, цуьнан мелла а къаьхьо чам а бу, механа дезох а ду иза.

Амма Марокко базарийн мохк хилла ца Iа. Иза исбаьхьчу гIишлойн, тамашийначу архитектурехь дину биъ са болчу маьждигийн, цу маьждигашкахь хьоьхучу, бусулба дин хазчу, къинхетамечу, марзонечу агIор дуьйцу имамийн а, ткъа иштта динехь талламаш бечу Iелимийн мохк бу.

Morocco, 2016
Morocco, 2016

Цу Iелимашца цхьаьнакхетар, цаьрца цхьаьна талламаш бар а, церан Iилманех а, церан зеделлачух а пайда эцар яра Венерчу исламан талламийн институтера Марокко яханчу къоначу Iилманчийн тобан Iалашо.

Цу тобан куьйгалхочуо профессор Ал-Iабдауина Маршо Радионе дийцира, шаьш арабаьккхинчу некъах лаьцна.

Ал-Iабдауин Халид: „Оха арабаьккхина некъ – иза Марокко беш болу културан а, дешаран а некъ бара. Венерчу университетехь болх бечу тхайн коллегашца оха бечу цу новкъахь коьрта Iалашо ю, бусулба динан истори а, цуьнан баххашкара схьадогIуш долу цуьнан ламасташ а, цуьнан баккхийчу Iелимийн тIаьхьайисина Iилманан хазна а, классикан теологица догIуш ма-хиллара ширчу Мароккерчу мадрасашкахь муха Iамош дара таллар а, цуьнца цхьаьна амма вайнзаманахьлерчу кху махкарчу модернечу университеташца контакташ кхоллар а, цаьрца цхьаьнаболхбар а“.

Мароккера „элан гIаланаш“ шайх олуш йолу 7 уггаре а йоккха а, шира а гIала ю Австрерчу ислам дин Iамочу Iилманчаша шайн талламашна юхьаралаьцнарш, шайна юккъехь пачхьалкхан коьрта шахьар Рабат а, Марракеш а, Касабланка а, Мекнес а, иштта дIа кхин а йолу.

Atlantic Ocean, 2016
Atlantic Ocean, 2016

Ткъа цу гIаланашкахь – шира мадрасаш а, маьждигаш а, университеташ. Iилманчийн тобан декъашхо йолчу Райачи Мабрукас дийцарехь, Мароккохь иза уггаре а цецйаьккхинарг – иза дин толлучу Iелимийн а, амма иштта йоллучу юкъараллин схьаеллаелла хилар, кхечу динашца а, културашца а толеранталле хилар, ткъа цу махкахь Iелимаша хьоьхуш долу бусулба дин – иза Делан динан а доза доцу къинхетамалла а билгалйоккхуш хилар ду.

Райачи : „Суна уггаре а боккха тIеIаткъам бинарг кхузара юкъаралла иштта схьаеллаелла хилар ду. Массо а кепара тайп-тайпана адамаш го кхузахь, бусулба а, бусулба доцурш а, и нах берриш а бертахь цхьаьна бехаш бу, кхечу бусулба пачхьалкхашкахь нислуш болчех тера Iоттабаккхамаш а, вовшашца цатемаш а бац царна юккъехь.

Тхан цхьаьнакхетарш хилла болу Iелимаш а, интеллектуалаш а дуьнене схьабирзина бу, цунна букътоьхна боцуш. Царна коьртадерг – иза юкъараллин массо а декъашхошкахь дика хьал хилар ду, царна цхьаьна Iен а, баха а атта хилар, шайн цхьа билгалчу политикан а динан тобанийн интересаш хьалхатоьттуш бац уьш, шайна хетарш, шайн тешамаш тIебаха гIерташ а бац.

Иза чIогIа тайра суна. Вуно дика а, пайдехьа а адамаш а девзира суна. Со чIогIа ирсе яра, масала, Ламбаравет Асмаъ боху Iелим-зуда ган а, йовза а сайн аьтто баьлла, зударийн теологехь къахьоьгуш ю иза. ЧIогIа хаза некъ бу хIара, шеко а йоцуш, сайн доьзал а балош юхайогIур ю со Марокко. ХIунда аьлча, мел интересе хIара некъ белахь а, амма боцу хетало хIара“.

Мароккохь яккха леринчу хенахь дуккха а бевзаш болу Iелимнах а, Iилманчах а, университетийн профессорш а, церан студенташ а бовзар, цаьрца дискуссеш яр а, царна лекцеш ешар а, шаьш а церан зеделлачух пайда эцар а ду Австрерчу тобано юхьаралаьцнарг. ТIейогIучу хенахь Венерчу университетний, Мароккорчу цхьа могIа лакхарчу дешарийн кхерчашнийн юккъехь партнераллин уьйраш дIатассар а ду.

XS
SM
MD
LG