ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берзалойн амал стенна тайна вайнахана?


Iаламат дукха дицарш хилла дIа ладоьгIча берзалойх вайнехан. КIезиг бац даккхий зенаш деш цара Iовжийнарш а.

Цхьа хан –мур богIу коьртах а яьхна берзалой йийцаре еш. Цара даьхний дойуш, бахархошна динчу зенашка хьаьжжина кIаргло юкъараллехь и дера акхарой нажжаз яр а, уьш яржар бахьнехь, цара бахархошна вуно чIогIа эшамаш барца доьзна Iедалхошна юьхькIаме доцу къамела хазор а.

Дукха хан йоццуш Теркйист кIоштан ЧIулга юьртана гергахь, олуш ма-хиллара, дийна делккъехь яьхкинчу берзалоша масех уьстагI цестина жаIунна ган а гуш, цо хьоькху мохь, къора йолуш санна, тергамза а буьтуш.

Цу масалца доладелира сан теркахошца Лечица а, къаночуьнца Хьусайнца а берзалойх, церан мекарлонех къамел. ХIинцца –хIинца берзалоша сел эвхьаза уьстагIашна динчу тIелатарх дуьйцург Леча ву.

Леча: «Жа дажош Iачу юьртахочунна ган а гуш, уьстагIашна юххе дIахIоьттина цхьа борз. Кхо мохь хьекхарх, хичаш ярх акхаро шек а дIа йоцуш хьоьжуш а лаьттина дIаяхна. ЖаIу паргIатваьлла валале кхин шиъ а ялош схьа а еъна, биъ уьстагI цестина охьабиллина. Кхо уьстагI дIабехьна, цхьа жий Iилла бисна. Масех де хьалха нисделла хIума ду-кх иза.»

Хьусайн: « ЖаIу гIорасиз велахь а, вацахь а хаьа барзана. Дера хаьа. Цуьнга топ елахь, аьттехьа а ца гIоьрта. Тоьпан молхана хьожа а кхета цунна вуно чIогIа. Сан доттагIчун кIанта дийцир-кх, шена ган а гуш, ша юззалц уьстагI баа а биъна дIаяхар-кх борз. Ша човхийча, шена ша човхош «гIигI» до бохура барзо».

Берзан бекхамах, цара шайна динчу вонна чIир эцар, цхьа кара-кара оьцуш санна, вовшашка дIасалучу кепехь сурт тергаллуш хиларх дуьйцуш ву егерь олу даржехь къахьоьгуш волу хьуьнан хехо-гIаролхо Шахмурзаев ШаIран.

ШаIран: «Хийла масалш ду берзалоша зенаш дина. Ахь и зен дина борз йийна дIаяьккхича, бухайисинчара хьуна бекхам бо. Хьуна бен и тIе –ам ца лета. Делдахь цIена бакъ ма ду иза! Сайн уьстагIий цистича, ас лар а йина, борз йийнера.

Цул тIаьхьа яьхкинчу берзалоша юьртахойн,цIарца багарбан йиш а йолуш ах бIе гергга уьстагI бийра. ЧIогIа хьерьевллера. Цул тIаьхьа шина шарахь ас айса йийна дIаяьккхина ткъех борз, толлучу жIаьлех пайда а оьцуш.

ЧIогIа хIилла а, хьекъал а долуш акхарой ю берзалой. ХIинца хIара латтанаш берзалойх мукъа а девллий а хууш, Теркал дехьара схьа а оьхуш, талораш дан йоьлла кхин берзалой а,чагIалкхаш а…»

Берзалой хьокъехь дийцар дерзош ала догIу даьхнех хьашт-дезар а,болх-некъ а бина бехачу долахошлахь, и аккхарой мел турпала йийцахь а, вуно дукха уьш хьахаелча, цара шайна дина зенаш карла а дуьйлуш, оьгIазе «дурр-вас» тIейогIуш берш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG