ТIекхочийла долу линкаш

Кхайкхийна йоцчу визитца ОвхIанистане вахана Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон. Iалашо ю къоман барт каро гIерташ Кабуло тIалибашца долийна дийцарш кризисера меттах даха, пайдечу хорше дерзор.

Департаментан официалерчу векало Кирби Джона билгалдаьккхина, Керрис «хоуьйту Iамерко ша ОвхIанистанна» машарбарехь накъост юйла», аьлла. Таханенна 9800 болучуьра тIедогIучу шарна 4 эарнал сов оьккхуш бен буьсур бац Iамеркан эскархой оцу махкахь. Керрин дийцарш ду дIадоьлхуш президентца Ашраф ГIаница а, парламентан коьртехь волчу Iабдулла Iабдуллица а.

Кхушара гурахь чекхйолу цигахь хаьржинчу парламентан хан, амма харжамех долу низам хорша кхачонза ду, цундела кхин тIаьхьа татта а тарло депутаташ харжар.

XS
SM
MD
LG