ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шешел Воислав - персона нон-грата


Серб-националист Шешел Воислав шайн махка ван ца торуш волу нон-грата персона кхайкхийна Косовано, иза деношкахь Гаагерчу дуьненан трибунала бехктакхамах хьалхаваьккхинехь а. Иза бехкево Сараевоно тIаьххьара бIешо дерзале шайца сербаша тIом бечу муьрехь цо адамаллина дуьхьал зуламаш дарна.

Иштта реза яц иза кхело мукъаваккхарна Босни-ХIерцоговина а, Хорвати а, цара а доьхку Шешелна шайн махка ког баккха. Дуьненаюкъарчу трибунало иза дIахецнехь а, шайн къомо дицдийр дац цо 1990-чу шерашкахь Сербино яржийначу геноцидехь жигара дакъалацар, аьлла Эй-Эф-Пи агенталлехула Косовон арахьарчу гIуллакхийн министро Селим Петрита.

Ши кIира даьлча Сербехь хуьлучу харжамашца доьзна, кандидат санна, сербаш бехачу Косоворчу кIошташка ваха ойла яра Шешел Воиславан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG