ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь реза ю мехкдаьтта даккхар хорша дерзо


Оьрсийчоьнан энергетикан министро Новак Александра дIахьедина, Оьрсийчоь кхечу энергетикан маьIданийн дай йолчу пачхьалкхашца цхьаьна кийча ю дийнахь доккху мехкдаьтта 11 миллион баррелна гергга болчу барамтIехь сацо, аьлла.

Кху беттан 17-чу дийнахь Катарехь гуллуш бу мекдаьтта доккхучу ОПЕК юкъараллехь йолчу а, алссам мехдаьтта доккхучу, амма ОПЕК-ехь йоцчу а пачхьалкхийн векалш. «Тхо кийча ду эшахь кхин терахьаш листа а» - аьлла Новака.

Цо и дIахьедрцана 6 процентна бистина мехкдаьттан мехаш дуьненан биржанашкахь. ГIажарийчоьно дIахьедина ша мехкдаьтта шена ма-оьшшу доккхур ду, бан тарлучу берта юкъа ца йоьдуш, аьлла. Новак Александрца цхьана мехкдаьтта даккхар хорша дерзо реза хилла Латинан Iамеркара а, Iаьрбашлара а цхьаболу мехкаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG