ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно ракетийн комплексаш кхачийна ГIажаройчу


ГIажарой арахьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIоьнчас Жабер Хьосайна шайн махкахошка хаийтина, Оьрсийчоьно С-300 олу ракетийн комплексаш шайн махка дIакхачийна, аьлла. Иза дIахьедар цо дира оршоьтадийнахь журналисташца онлайн ражехь къамелдеш, гIажаройн машенаш тIехь оьрсийн ракетийн комплексаш а гойтуш. Кремло жоп ца делла прессо оцу хьокъехь динчу хаттарна.

Ткъа прессехь хьахош ду оцу ракетех лаьна дина хилла контракт хьалхо Оьрсийчоьно дохийра аьлла. Дуккха а мехкаш духьал бу ракетан комплексаш Оьрсийчоьне гIажарошна йохкийта. Амма ТехIерано зарратан герз ца кхолла дуьненца барт бича, стохка, Путин Владимира С-300 ракеташ Оьрсийчоьно ГIажарийчоьнна йохка торуш хилар къадийра.

XS
SM
MD
LG