ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс ахча дехна Путине


Нохчийчоьнна ахча дехна Кадыров Рамзана Путине, цигахь "Чеченнефтехимпром» олуш хилла комплекс меттахIотто а, текхначу меттигашкара 25 эзар вахархо кхечу меттигашка дIатарван а, Соьлж-ГIалара аэропорт тоян а. Президенто Путина министрийн кабинете дехар хьажийна Кадыровн дехарна ларамбе аьлла.

Кадыровс оцу кхаа Iалашонна ахча дехнера Iедалхошка хьалхо, амма ца луш витинера. Кремлан лидеро оцу кепехь Медведевга дехар хьажоро дегайовхо юьту Кадыровс доьхург кхочушхиларе, аьлла даржийна Нохчийчоьнан зорбано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG