ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан вахархо, бард, иллиалархо шен цIа веана, аьлла оршотдийнахь социалан машанехь кара-кара оьцуш, дийца даьккхинера.

Шинарийдийнахь оцу кхоан тоьшалла дина Дуьненаюкъарчу кризисан тобано.

Тобанарчу бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, йиттина, тIехь ницкъ а бина Хьусейнна.

Карладоккху, Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу дийнахь суьйранна, муьлш бу ца хуучу наха, ша вехачу Соьлж-ГIаларчу хIусамера дIавигинера иллиалархо.

Бетелгериев махкахь а, дозанал арахьа а дика вевзаш, везаш ву. Цуьнан иллеш массара а къобалдарца тIеоьцуш ду.

Иллиалархо, композитор, поэт хиларал а совнаха, 2015-гIа шо даллалц пачхьалкъан университетехь францхойн мотт хьоьхуш, кафедрин доцент вара иза.

Цундела, кхеташ дара Хьусейнна массара а сагатдар.

Иллиалархо-бард къайлаваккхар кеп-кепара туьдура, цуьнан кхоллам хийра ца хеташ, иза уллера вевзачара.

Шуьйрра дуьйцура, шен накъосташлахь хиллачу къамелан къовсамехь Хьусейна ша Iедална резацахилар хаийтар цатайначух тера ду, маьхькIамхошна, бохуш.

Вукхарана хетара, Фейсбукерчу цуьнан агIонтIехь Ичкерин байракхан сурт хиларна, кхеле озийна, аьлла.

Бара царалахь, Бакаев Хьасанан дешнаш тIехь иллиалархочо тIаьххьара аьлла берзан илли бале даьлла-те бохурш а.

Кхи цхьа доккха бахьана а хьахадора юкъ-кара: Зазадоккхучу-беттан 23-чу дийнахь Нохчийчоьно Конституци тIеэцар даздеш Соьлж-ГIалахь хIоттийначу митингехь Хьусейна дакъа ца лацар.

Доккха мохь-орца даьллера Бетелгериев Хьусейн вайначу деношкахь. Дуьненаюкъарчу а, Оьрсийчоьнан а бакъоларъярхойн юкъараллаша цхьа могIа дIахьедарш-дехарш дира Нохчийчоьнан Iедале, шаьш лаьцна латтон стаг мукъаваккха бохуш.

Хьусейy вайна ши де даьлча цуьнан хIусамнанас Каринас меттигерчу полисхойн цхьана декъе хаам бинера, вайна шен беринй да лахар доьхуш.

Кхин а ши даьлча, зорбанехь хаамца гучуделира, Бетелгериев Хьусейн лахархьама цхьа а гIулчаш Iедало йохуш цахилар.

Цул тIаьхьа регионан талламан комитетан сайтехь боцца хаам бира прокукроран Абдул-Кадыров Шарпуддин цIарх, Нохчийчоьнан талламхой, цIе яьлча санна, вайначу Бетелгериев Хьусейнан ларш лоьхуш бу, аьлла.

Оршотдийнахь махкара бакъонашларъярхочо Саратова Хедас «Кавказан узел» агенталлица динчу къамелехь, дийцира Хьусейнан вежаршкара хилла шега хаам, Хьусейн цIавар бакъдеш.

Амма стенгахь хилла иза ши кIира гергга хеначохь аьлла деллачу хаттарна, дала жоп ца карийна бакъоларъярхочунна.

Маршо Радио зIене елира Францехь вехачу нохчочуьнца Керимов Сайпуддица. Иза цхьаъ ву, Бетелгериев Хьусейнна сагатдинчаралахь. Цунна цхьа бух боцуш ца хета махкахь гоьбевллаxe нахана тIе куьйгаш кхехьар.

Керимов:«Москох Путинан а, Кадыровн а цхьаьнакхетар хилир-кх, даржехь чIагI а веш мехкан куьйгалхо, цул тIаьхьа дуьйнна доладелла. Леррина зачистка ян йолор ду аьлла хета суна.

Уггар халкъана бевзаш берш, Ибрагимов, Дидиев, Бетелгериев... Кореехь долчу хьолах тера хета суна Нохчийчуьра хьал а. Доцца аьлча, иштта ду-кх. Дийна иза схьавалар а боккха кхаъ бу бохуш, ойла ю сан-м».​

Нах идор доккха зулам лору Сайпуддис, цундела шена хеттачу кепара некъаш а лоьху цо, и харцонаш мехкан куьйгаллехь лаьттачаьрга ца лелаяйтархьама.

Керимов: «Махкарчу Iедал ду бохучара буьтту аьшпаш, цара лелориг. Хьусейн дIавигинчу деношкахь цхьана адвокатца къамел хиллера сан, цо боху соьга, ас хIун дича бакъахьа дара-те, хаьттича, шун Нохчийчохь вистхила ваьхьаш стаг а ма вац, ша хIун дер ду, боху.

И нах кхерина бу, кхерам оцу нехан коьртачу биллина бу, ткъа хIун дер наха оцу харцонашна? Цхьа юкъаралла кхоьллина а, цхьаъ ца дича ма ца долу. ТIом тIамо бен сацош ма бац».​

Фейсбукерчу шен агIонтIехь шинарийдийнахь Дуьненаюкъарчу кризисан тобанан талламчас Пахоменко Варварас яздо: «Бетелгериев Хьусейн цIахь ву, дийна ву, амма дуккха а йиттина цунна. Кху заманчохь хаза кхаъ бу, етта а йиттина, ца вуьйш витар».

Изза яздо Пахоменко Варварин коллегас Дуьненаюкъарчу кризисан тобан Къилбаседа Кавказан проектан директор Сокирянская Екатеринас. «ЦIахь ву-м боху. Дийна ву, амма ледарчу хьолехь. ХIара ду-кх вайн заманан «хазахетар».

Фейсбукехь Бетелгериев Хьусейнца доттагIаллехь йолчу Тайсуева Лизас яздо иштта: «Хьусейн цIахь ву. Могашалла эшна ю цуьнан. Цецвийла меттиг а бац, иза стенгахь хилла хууш долундела. Кхоччуш бакъду я дац, Бетелгериев маьрша хилар, хаа лууш со зIене елира цуьнан хIусамненаца.

ЦIахь а ву, Пятигорскехь хилла иза, аьлла жоп делира суна цо.

Ца лаьара кхуьнах лаьцна яздан а, амма бакъдерг хаа дезаш ма дуй. Стаг бакъдерг лачкъон гIортаран бахьана, кхечунна зен хила цунна ца лаар хуьлу.

Ткъа цунна йинчу гIелонна а, бинчу ницкъана а ойланца тIаьхьакхиа бен ца дуьсу».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG