ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанерчу тIалибаша шаьш йовха бIаьсте йолайо, аьлча а, тIеман мур шинарийдийнахь 5 сахьт даьлча, аьлла дIахьедина интернетехула. Кхо шо хьалха веллачу лидеран Молла Омаран хьомара «Операци» олу тIеман компани ю шаьш йолош, аьлла ду даржийна йоза.

Iамеркан оккупанташна дуьхьа жихIад деза а ду, дIакхехьа а деза, боху дIахьедаро. Оццу сахьташкахь Кабулерчу Цхьанатоьхначу Штатийн векалто даржийна, низамхой тIелата дагахь бу шахьарарчу цхьана йоккхачу отелна, аьлла. Молла Омар кхелхича цуьнан метта ша хIотторцана Мансур Ахтара а йолийра стохка шуьйрра тIеман операцеш, Кундуз гIала кара а лоцуш.

ТIаьххьарчу бохамех ду оршоьтадийнахь ОвхIанистанан малхбалехь 12 махкара эскархо а вуьйш, мотоциклахь террорхо эккхар. Иштта тIелатар дина ши стаг вийна оццу оьршоьтадийнахь Кабулехь а.

XS
SM
MD
LG