ТIекхочийла долу линкаш

Белгехь кхин а ши стаг лаьцна полицино цигахь бахначу беттан 22-чохь динчу лелхийтарийн декъахь хиларх шекойолуш. Шинарийдийнахь федералан прокуратурано даржийна вежарий Фариси Смаил а, ИбрахIим а Брюсселерчу Эттербекехь лаьцначу петарахь терактна кечамбеш хиллачух тера хета, аьлла.

Стенгахь лаьцна ши ваша ца дуьйцу. Брюсселехь динчу зуламаша вийна 32 стаг. Бехк шена тIеийцира «Исламан пачхьалкх» олучу тIемалойн тобано. Гучуделира хьалха 130 стаг а вуьйш Парижехь лелхийтарш динчу нехан декъахь Брюсселера террорхой а хиллийла.

XS
SM
MD
LG