ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беракема доьхна Шемахь


Оьрсийчоьнан тIеман министралло даредина Шемахь, шен ши эскархо а леш, беракема доьхна хиларх. МИ-28 тоьхна ца дожийна, ша доьхна ХIомс провинцехь, боху инарлаша. Велла ши пилот Оьрсийчоьнан ХIамеймин авиабазе кхачийна. Стенна доьхна кема хууш дац, «хилларг толлуш бу говзанчаш», аьлла ду тIеман министраллан дIахьедар.

Эскарш Шемара доккхачу декъанна арадоху, элира Путина Зазадоккху-беттан 14-чу дийнахь, амма алссам герзаш дIакхоьхьуйту Кремло Шема тахана а. Тергамчаша билгалдоккху Оьрсийчоьно Шема кхачочу герзан башхалла хийцина, амма президентан Асадан эскаршна жигара гIодо беракеманашца, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG