ТIекхочийла долу линкаш

«Панамера тептарш» цIе тиллинчу офшоран мехкашка дIа а узуш, ахчанаш къайладахарх журналисташа баржйиначу хаамашлахь юьйцуш яра Оьрсийчуьра Сбербанк а. Оцу банкан куьйгалхочо Греф Германа хаамбина ша а, шен когаметта берш а талла дуьйладелла шаьшлахь хьангара девлла зуламаш, аьлла.

«Дика хаам бу», дуьйцу факташ Сбербанках кIезиг хьакхало, аьлла Грефа талламаш ша болошшехь. Кху беттан 3-чохь даржийначу «Панаман тептарша» Оьрсийчоьнах хьакхалучу декъахь яьхна президентна гонахарчу массех хьаькамаш цIерш, цара 2 миллиард долларал сов ахча офшорашка а даьккхина, къайладаьхьина, аьлла.

XS
SM
MD
LG