ТIекхочийла долу линкаш

Украинан инарлаша дечу тоьшаллица, церан куьйга кIелхьара 8 эскархо лазийна сепаратисташа шинарийн дийнахь-буса. Киевн тIеман векало Лысенко Андрейс кхаарийдийнахь хаамбина, Донецкна гергахь 53-зза тIелетта сепаратисташ, аьлла. Вийна цхьа а вац, Лысенкос бахарехь.

Донбассехь герзаш дуьйлуш гучу дуьненаюкъарчу хьукматаша сагатдо. Францин дипломатин урхалло дIахьедина, Европан кхерамзаллехула, цхьана къахьегарехула йолу организацин (ОБСЕ-н) векалшна хьолан тергоян новкъарло йо Донбассехь, аьлла.

Евробертан арахьарчу гIуллакхийн администрацин лидеро Магеринис деношкахь емалдира тергамчашна дуьхь-дуьхьаллаьттачу шина а агIоно новкъарлонаш яр.

XS
SM
MD
LG