ТIекхочийла долу линкаш

Македонин полицино гранаташ кхийсина мигрантийн агIор


Желтойн мохк шайн махках хIотталучу дозанехь гулбеллачу мигрантийн агIор бIаьргех хидоккху гранаташ кхийсина Македонин полицино. Желтойн махкара Европехьа дIа ца бахийтарна дарбелла мигранташ шайн дозанна гергабаьхкича эккхийтина инцидент македонхоша.

Ткъа юкъагIоьртинчу желтойн полисхоша дIатебина шайн лаьтта тIехь буьсу и мигранташ. Хьалхо Македонехь миграташший, полиций чуьччагIоьртича лазийра дуккха а мигранташ.

Инциденташна бехкебо Македонино желтойн полисхой, цара ма-оьшшу духьало йина, совца ца бо дозане гIерта нах, бохуш.

XS
SM
MD
LG