ТIекхочийла долу линкаш

Украинан парламенто еарийдийнахь керла премьер-министр хаьржина. Дарж дIалаьцна парламентан спикер лаьттинчу Гройсман Владимира. Цунна кхаьжнаш тесна Лакхарчу Радин 257 депутато. Иштта агIо лаьцна Гройсманан «Порошенко Петрон блоко» а, «Халкъан фронт» фракцеша. Оццу кхьажнашца мукъаваьккхина премьер –министран даржера Яценюк Арсений. Украинан президента Порошенко Петрос еарийдийнахь парламентна хьалхатеттинера Гройсманан кандидатура.

Хьалхо Гройсмана дIахьедина, украинхойн куьйгалле хIотта ша резахилар, ткъа зорбано дийцарехь, масийтаза дуьхьало йина хилла Гройсмана дарж тIе ца лоцуш. Охан-беттан 10-чу дийнахь коррупцица воьзна ву аьлла бехкевинчу Яценюк Арсенийс дIахийцира министрийн кабинет. Иштта, парламентан керла спикер а хаьржина, цхьабоса 284 депутато куьйгаш айдарца. Иза ву Парубий Андрей.

Яценюк Арсенийн, «Халкъан фронт» партин лидер хилла волу. Керла хIоттийначу спикеро ша массо а «халкъан депутатийн» спикер хир ву, аьлла кхайкхина уьш, политикан амбицеш а йитина, оккупанташца къийсалучу пачхьалкхан гIуллакхаш хьалхадаха, хаамбо "Украинская Правда" (Украинан бакъдерг) газето.

XS
SM
MD
LG