ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина Владимиран пресс-конференци


Еарийдинахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран хIора шарахь дIахьош хуьлу пресс-конференци хилира. Цигахь дийцарединчех уггар коьрта хеттарш дара пачхьалкхан экономикан хьокъехь, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан арахьарчу пачхьалкхашца йолу юкъаметтигаш, масала, Туркойчоьнца, Украинаца, Шемица.

Уггар хьалхара хаттар дара, де-дийне кхачан сурсаташна тIедетталучу мехех. Путина ша кхеташ ву, халкъ йоьдучу инфляцехь хIоьттина дуйла, аьлла. «Мехаш дестар хаалуш ду», тIечIагIдира президенто. Амма, аьлла, тIетуьйхира цо, Украинера конфликт бахьанехь, Малхбалено дуьхьалъяьхначу санкцеша кхечу пачхьалкхашкара чубохьу кхача лахбичхьана, оьрсийн юьртбахаман хьелаш тоделла, цо мехаш дестачуьра совцор ду.

Оьрсийчоьнан экономика, маьIданаш ара а дохуш, духкучу некъ а буьтуш, лаккхарчу технологийн продукци юхкучу нокъа йолуш ю, элира Путина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG