ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан хIаваан кеманаш тIех гергахула девлла Iамеркан "Доналд Кук" хIордкеманна Балтикан хIордачохь. И хаам баржийна Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалехь векал волчу Конашенников Игора, боху "Интерфаксо». СУ-24 кема Iамош бара эскархой Балтикан цхьаьненна а доцчу хиштIехь, аьлла Конашенниковс.

Цо бахарехь, Iамеркан хинкема 70 чаккхарма герга хилла оьрсийн тIеман-хIордан куьпанна. Ткъа Iамеркан хIордан тIеман флота министралло сурт а, видео а яржийна шайн хIордакеманна уллехула даьллачу СУ-24 кеман. Европехь лаьттачу Iамеркан эскарийн векалша «кхераме а, провокаци еш а» ду оьрсийн кеманаш шайн ницкъашна гергахула лелар, аьлла дIахьедина.

И тайпа инцидент хилла, Iамеркахоша дийцарехь, дахначу кIирандийнахь а, оршоьтадийнахь а.

XS
SM
MD
LG