ТIекхочийла долу линкаш

Малхбузехь бусулба динца а, иза лелочаьрца а гамо лакхайолуш хиларх лаьцна лерина рапорт арахецна дуьненаюкъарчу Freedom House цIе йолчу цхьаьнакхетаралло.

„Европин уггаре а йоккха проблема – иза цигахь янне а либерале йоцу политика либерале боцучу политикша яржор ю“, - иштта яздо шен бусулба динца гамо Малхбузехь яржар толлучу рапортехь Фридом Хаус цхьаьнакхетаралло.

Даханчу шарахь и проблема кхин а марсаелира, Шемара а, Гергарчу Малхбалера а, Къилбаседа Африкера а бIеннаш эзарнаш мухIажарш Европе схьаэха буьйлабеллачул тIаьхьа, аьлла билгалдаьккхина авторша.

Мацах Советашна юккъе йогIуш а хилла, ткъа хIинца маьрша пачхьалкхенаш шайх хиллачу мехкашкахь демократин муьлхачу хьолехь ю, ткъа иштта Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь либералан мехаллаш мича тIегIане девлла а толлуш ю Фридом ХIаусан аналисташа хIоттийна йолу рапорт.

Цу адамийн бакъонашларйаран цхьаьнакхетаралла хIора шарахь зорбане боху дуьненчохь маршонийн а, бакъонаш ларйарий я хьешарийн индекс шех йолу шайн талламаш. Ткъа кху шарахьлераниг рапорт хьалхачул а кхерамеха хьал дуьненчохь нехан коьртачу маршонашца а, демократица а хилар гойтуш ю.

И хьал кхераме доккхучу хиламашна юккъехь талламан авторша билгалдоккху, цхьа могIа пачхьалкхашкахь авторитаран политика чIагIйалар а, ткъа къаьстина Европерчу цхьаболчу мехкашкахь либерале йоцу национализм урхаллин могIаршлахь яржар а. Масала, уггаре а чолхе хьал Полшехь а, Венгрехь а лору Фридом Хаусо, цу шинна а пачхьалкхехь ултра-аьтто хьежамаш болу урхаллаш Iедале яхкар бахьана долуш.

Венгрин премьер-министр Орбан Виктор Европехь уггаре а хьалхарниг вара пачхьалкхийн куьйгалхошна юккъехь мухIажаршна, къаьстина царех бусулба дин лелош болчарна, дуьхьал популистийн пропаганда йолийнарг. Дуьххьара пачхьалкхе яра иштта Венгри мигранташ чу ца бита шен дозанехь пен ботта йолаелларг а.

Ткъа цкъа хьалха иза ирачу критике еш хилла йолу кхин йолу Европера пачхьалкхенаш жимма тIаьхьа цунах масала а эцна, мигрантийн кризис бахьана долуш сихъелла шайн арахьара дозанаш дIа а къовлуш, ша башха гIап хила гIерташ хилар а кхераме симптом лара йогIу, рапортан авторша билгалдакхарца.

„Цу пачхьалкхийн куьйгалхоша а, цигарчу аьтто хьежамаш болчу партеша мигрантех пайда оьцу, шайн мехкашкахь коьрта гуманитаран принципаш хьешарна а, демократикаллин плюрализман идеалашна генабовла а“, - иштта ду Фридом Хаусан жамIа.

Европа бусулбачийн интервенци ловш ю бохуш чIагI а деш, цхьа могIа популистийн политкаша шайн некъ маьрша баьккхина, урхаллашка а, парламенташка а чекхбовла. И санначу къамелаш демократин букъ кагбо, цуьнан уггаре а йоккха мехалла – массо а стаг низамна хьалха цхьатерра бакъонаш йолуш хилар дохадарца.

Цо иштта кхерам кхуллу, и тайпа цабезам а, паранойа а яржош долчу къамелаша мигранташна дуьхьал ницкъбаршка хьал дерзарна“, - аьлла билгалдаьккхира рапортан дешхьалхе язйинчу Шенкан Хейта, Фридом Хаусан къаьмнех а, миграцех а долчу декъан директоро.

Мигранташна а, тIехьаьжча бусулабчех терболчу нахана а дуьхьал ницкъ бара хIинца а дела дене ца дирзинехь а, амма хааъалла алсамдаьлла Европехь хилар къайле яц.

Иштта, масала, цхьана Германехь даханчу 2015-чу шарахь кхечу къаьмнех болчарна а, мухIажаршна а дуьхьал динчу зуламийн терахь цул хьалхарчу шарца дуьстича пхеазза лакхадаьлла, цу махкарчу Бундескриминалан хьукмато дахкочу терахьашца.

Оццу шарахь 1005-за тIелатарш динера аьтто-радикалечу талорхоша мухIажарш бехачу кхерчашна. Дустархьама аьлча, 2014-чу шарахь и тайпа тIелатарш 199-за бен дина дацара.

Европехь хийрачаьрца гамо алсам мел йолу а бусулба динца а гамо алсам йолуш хилар а ларамаза дац, аьлла хета Венерчу университетехь бусулба педагогикан факультетан профессор волчу Аслан Iаднанна.

Иза тешна ву амма, бусулбачеран шайн леламашца а, шайн хазчу Iадаташца а таро ю, меттигерчу бахархошна бакъдолу бусулба динан сибат гайта, карарчу хенахь санна массо а шех кхоьру а, къехка а сибат а ца гойтуш, аьлла.

Аслан Iаднан: „Нагахь санна вай бакъдолу бусулба дин нахана дIагайтахь, цхьа а стаг кхоьрур вац цу динах. Цкъачунна вай кхузахь гойтуш долчу динах-м со а кхоьру, сан доьзал а кхоьру. Ткъа нагахь санна вай гайта ма-деззара бусулба дин, вайн Пайхамаран, Делан салам хуьйла цунна, Iадатехь, цуьнан гIиллакхехь нахана дIагайтахь, цу нахана дезар ду-кх и дин. Иза Iилманийн дин ду, маршонийн дин ду, гуманизман дин ду. Иза стаг марша воккхуш долу дин ду“.

Цу юкъана Германерчу консервативан Кериста-социалан партин векало Шойер Андреаса дIахьедар дина, меттигерчу маьждигашкахь немцойн мотт бийцар тIедожон деза низамца, аьлла.

Цо иштта кхайкхам бина урхалле, Германера маьждигаш Туркойчуьра а, СаIуди Iарбара а финансийн гIо оьцуш хилар сихонца сацаде, лерина низам а даккхий, аьлла, хIунда аьлча, консервативечу политикна хетарехь, цу кепарчу дозанал арахьара имамашна алапаш луш хиларо интеграцина новкъарло йо.

XS
SM
MD
LG