ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра заьIапхоша-футболисташа толам баьккхина


Нохчийчуьрчу дегIан межеш йоцчу футболхойн «Ламанан аз» тобано Соьлж-ГIалахь хIоттийначу Оьрсийчоьнан чемпионатехь, кавказхойх хьалха а бовлуш, бакъо яьккхина ерриг Оьрсийчоьнан къовсамехь дакъалаца. Волгоградера футболхой а эшош, стохка а даьккхира нохчийн футболхоша финалехь деши.

ХIинцалерчу чемпионатан декъехь цо эшийна Москох, Барнаул, Волгоград, кхин а массех гIала. Тоба Iамош ву «Терекехь» левзина Гирзишев Руслан, капитан ву Межиев Адам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG