ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн дешархочун сийдо Орел гIалахь


Орел-ГIаларчу ишколашкарчу дешархошна юкъахь дIаяьхьначу конкурсехь толам баьккхина Абдулкаримов Адам, 2016.

Орел-ГIаларчу ишколашкарчу дешархошна юкъахь дIаяьхьначу конкурсехь толам баьккхина Абдулкаримов Адам, 2016.

Хазахетар хуьлу даймахкал арахьа бехачу нохчашкара диканиг даьлла хезча.Оьрсийчуьрчу Орел-ГIаларчу дешархошлахь дIахьочу похIмаллин къийсадаларшкахь тоьлла дешархо къастийна нохчо Абдулкаримов Адам.


Орел-ГIаларчу 37 ишколехь 11-чу классехь доьшуш ву Абдулкаримов Адам. Шуьйрачу дахаран новкъа волучу 16 шо долчу оцу кIентан хIинцале дуккха а толамаш бу. Спортехь а, дешарехь а, массо а агIор кхиамаш.

Меттигерачу Iедалша дешархошнша юккъахь дIаяьхьначу конкурсехь дуккха а тIаьхьа а буьтуш, хаьржира иза. Шайн кхаж цунна тесначара тайнера, иза ша доьшучу ишколехь уггаре а дика дешархо хиларал сов, гIалахь а цхьацца юккъараллийн акцешкахь дакъалоцуш хилар а.

Нохчочун къинхетаме дог долчу цунна къахета гIорадайначу къанойх а, мискачарах а. Царна гIодан лерина, шен накъосташца цо кхоьллина «Хаза синош» цIе йолу проект. Токхо йолчу доьзалехь ша схьавалар долчу цу жимачу стага, тидам бинера, ша вехачу юккъараллехь, ма дийцара ша дерриг дика ца хиларна.

Цхьаъ дан деза аьлла, ойла кхоллаялийтинарг, цуьнца шеца хилла масал дара, аьлла Маршо Радиога дийцира Абдулкаримов Адама.

Абдулкаримов: «Цхьана дийнахь ишколера цIавоьдуш, цхьа йоккха стаг яра, леста а лесташ схьайогIуш. Иза охьакхеташ яра, ас схьалецира иза. Со а вехачу кху гIалара яра иза. Ша мичахь Iаш ю дицделлера цунна.

Ас дIайигира иза цIа. НеI тоьхча, аравелира цхьа стаг. Иза луьйш вара шен нене, ахь сан мел долу дахар хIаллак дина, бохуш. Оцу йоккхачу стагах къа а хетта, сайца дIайига дагахь вара со. Цунна ца лиира. Амма цо иза хьийзор юйла хаьара суна».

Бералла, ша ерриг аьлча саннна Оьрсийчоьнан дега юккъахь Iуьллучу гIалахь дIаяхнехь а, Нохчийчоьнца уьйраш цкъа а ца хаьдда цуьнан доьзалан. Даима, цхьа жимма аьтто хуьллушехь, цига боьлху уьш.

Цундела лаахь а, ца лаахь а, цигахь а, ша вехачу меттера гIиллакхаш дусту цо. Халахетарца билгал а доккху, оьрсийн юккъараллехь дукхачу декъан уьш дац аьлла.

Абдулкаримов: «Оха цхьа проект йира «Бен ца хетар» аьлла цIе а йолуш. Хьо цIа вахча, массаьрца де дика деш лела хьо. Ткъа, кхузахь иза дац. Ахь урамехь цхьанна гIодича а, цецбовлий буьсу, баркаллаш бохуш».

Абдулкаримов Адаман классан хьехархочо Клочкова Еленас а билглалдоккху, оцу кIантера гIиллакхо, шен а, кхечеран а дегнаш дIаэцна хилар. Дешаран а, массо а агIора Адаман лаккхара мах хадийра цо.

Клочкова: «Иза чIогIа тамашийн доьзал бу. Двс-нанс гIиллакхехь Iамийна бераш ду. Нохчийн кIорге гIиллакхаш долу доьзал бу иза. Со цецъяьккхина, церан оьздангалло а, жоьпалло а. Адаман доьзал бахьанехь, суна нохчийн гIиллакхаш девзина.

Суна уьш чIогIа хазахета. Ала лаьа суна, цуьнан классехь, ша волчо, лору цуьнан дин. Адам-ишколехь а, классехь а лидер ву. Дешарехь а, спортехь а кхиамаш бу цуьнан. Даггара баркалла цуьнан дена-нанна иза иштта кхиорна».

Ткъа, Абдулкаримов Адам, ишкола яьккхича, ша санна болчу нийсархошца, лаккхару доьшийла ваха дагахь ву. Москохара Пачххьалкхан Дуьненаюккъерачу юкъаметтигийн институте ваха лаам бу.

Ткъа, коьртачу декъанна, шен йоккха Iалашо ю боху цо, ша нохчи хилар диц а ца деш, къам юьхьIаьржа а ца хIоттош, корта хьалатаIIийна дIалелар.

Абдулкаримов Адаман кхоллам болуш эзарнаш нохчийн бераш ду Оьрсийчоь мел ю шайн доьзалшца бехаш. Уггаре а халачу хенахь, тIамах бевддачохь, цигахь бисина а бу царна юккъахь.

Аренца атта дац лела а, ваха а. Ткъа, хьайн гIиллакхаш а лардеш, лелар-м гуттар а хала ду.

ТIаккха а шаьш йоккхуьйтург къоман цIе хилар диц а ца деш, мел атта дацахь а, бухахь берш шайх хьега а хьоьгуьйтуш беха тахана Оьрсийчохь нохчий.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG