ТIекхочийла долу линкаш

Футболех ловзарехь рогIерчу толаме кхаьчна нохчийн «Ламанан аз» цIе йолу заьIапхойн тоба. Цо зевне толам баьккхина Соьлж-ГIалахь дIайирзинчу рогIерчу «Кавказан йоккха кубок» къовсучу турнирехь.

Цул сов буьрканех ловзарехь гоьбевлла вайнехан спортахой шолгIачу гонан финале а бевлла Оьрсийчоьнан заьIапхошлахь дIахьучу чемпионатехь. Цу шовкъечу, миллионаш дегнаш йийсаре дечу футбол-ловзарехь бахчабеллачу нохчийн заьIапхоша шайл тIаьхьайитна Москохара «Олимпро», Барнаулера «Динамо-Алтай», Волгоградера «Академи», Новгород кIоштера «Нижегородец»,ишта кхечу регионашкара а буьрканан тобанаш.

Ала дашна, кху тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчохь «Ламанан аз» тоба санна, спортехь оццул дукха хастаме, сийлахь кхиамаш баьхна кхин тоба ян а яц. Iедалан хьостано а бакъ ма-дарра, «Ламанан аз» тоба кхоьллина 2002 шарахь. И кхуллуш гIо-накъосталла дина ООН «Юнисеф» берийн фондо.

Тоьл-тоьлларг,диканиг юкъа а воуьйтуш, луьттуш хийцамаш бе-ш латтахь а, гуттар а тобанехь къахьоьгуш ву, 18-35 шерашка кхаччалц хенаш йолу ткъех футболист. Цхьацца меженаш дIаяьхначу заьIапхойн тобанна баьчча-капитан ву футболехь шозза Европан чемпион хIоьттина, цхьана шарахь дуьненан къийсадаларшкахь дато мидал яьккхина Межиев Адам.

Цу тобанах дуьйцуш кхидIа тидаме эца догIу цу тобанан массо декъашхо Нохчийчохь льттинчу тIемашца доьзна, мина-фугасаш лелхар бахьнехь, цхьацца меженаш дIаяьхна заьIапхой хилар.

Церан, куй биллал бен боцчу жимачу махкарчу кIентий футболех ловзарехь баккхий толамаш цара, кIадо хIун ю ца хууш, хир хаддалц хьацаршлахь къахьегарца дузу дукха махкахоша.

Бакъду,и тIемаш бахьнехь боху цхьаболчара, чот йоцуш дукха зIаьIапхой хилар бахьнехь харжам боккха хилар а ду шенначул бахьана боху кхечара ,иштачех ву футболан говзанча,40 шарахь хьалха дуьйна цуловзарца мел дозаделларг дIаяздеш цхьа оьла тетрадаш гулдеш схьавкеъна,хьехархо филолог, историн говзанча теркахо Бетризов Руслан.

Бетризов:«Нохчийн футболисташа-заьIапхоша пачхьалкхехь дIахьучу къийсадаларшкахь хьалхара меттигаш яхар доккха хIума а, бакхий толамаш а бу. Коьртачех цунна бахьана ду цара вуно чIогIа къахьегар,шаьш ца кхоош.

Къа ца хьегча хир бацара сел бIаьрла кхиамаш. Дера бацара. ШолгIа бахьана ду, суна хетарехь, царлахь харжам боккха хилар. Тхан мохк жима белахь а и тIемаш бахьнехь заьIапхой дукха бу Нохчийчохь. Тренерийн харжам бу заьIапхой дукха хилар бахьнехь.

Оцу хенара нах кхузахь тIемаша дебийна. Кхин цхьа бахьна а го суна. И доьзна ду яхь, доьналла хиларца а. Кхечарел оьшуш даций вай, бохуш мехкарша а, кIенташа а шаьш-шайн ир-кара хIиттор а ду,къармазалла а гайтар а ду».

Нохчийн футболисташа –заьIапхоша Оьрсичоьнан майданашкахь толамашка кховчар шатайпа, Iаьржа забар-бегаш бохучу маьIнехь кхетош берш а бу махкахь, дукха бацахь а.

И санначара бохург юккъерчу дешнашца аьлча, вайнехана заьIапхой тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь толамашка кховчарна даггара «баркалла» ала догIу церан могIарш дебош къардайна хьийзинчу Оьрсийчоьнан тIеман министараллина а, кху чохь и къематдан хIоттадойтуш омранаш динчу пачхьалкхан коьрта буьйранчина Путин

XS
SM
MD
LG