ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба Корейхь дIабаьхьина тезетан барамаш


Ши шо хьалха хитIехь бурм буха а дахана велла 304 махкахо дагалоцуш ю Къилба Корей. Ансан гIалахь гуламбина 2500 вахархочо – цигара хилла беллачех дукхахберш. Иштта Сеулехь а, бурам шена гергахь бухадаханчу Жиндо гIайритIехь а дIабаьхьина тезетан барамаш. Беллачех дукхахберш студенташ бара.

Бехк бурам лелочаьргара гIалат даларца дуьйзира хIетахь полицино – нах тIех сов эцна хиллара бурамо. Оцу бахьанийца баллалц чубоьхкина набахтехь кхобуш бу экипажан цхьаболу декъашхой.

Лурчаха беллачу студентех берраш а бац карийна хIинца а. 9 ву вайна лоруш. 72 миллион доллар кхочуш ахча хьажийна Сеуло хибухара бурам хьаладоккхург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG