ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьне

Къоналлех йисинчу ойланийн испайлла яош,

Ма хала кхобу ас сайн шерийн стамбелла доьзал.

Ас хехкарх тахана кхиэлан дин, бергаш а яош,

Мацца а гIур бу и, бухбоккхуш сан деган гоьза.

Сан байтийн бацалахь хьийкъина дог-ойла ятош,

Адамийн бендацар векалдеш со вайна доьза.

Цхьа минот дIаэккхахь цIеххьана сан оьмар ядош,

Ахь марчо даккхалахь суна хьайн дахкаран боьзах.

Каш-борзан гIовланах верасийн ойланаш якхош,

Цаьрга бос оьцуьйтуш уьшалахь йолучу къоьзан,

Со дагалацарца мажъяьлла хьайн беснеш якъош,

Ахь декъалвелахь со даггара, хIай Нохчийчоь сан…

Ткъа наггахь къайллах ахь тергалдахь сан гIийла чурт,

Цунна тIехь къаьстар ду хьуна хьайн ойлане сурт…

Юсупов Iилман нохчийн поэт ву. Цо чекхъяьккхина Нохчийчохь юккъера школа а, А.А. Ждановн цIарах йолчу Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультет а. Белхаш бина школехь, газетийн а, журналийн а редакцешкахь, иштта Нохчийн Республикан Ичкерин дешаран а, Iилманан а министерствехь министран хьалхарчу гIовсан даржехь. Юсупов Iилман поэзин ворхI книгин автор ву: «Заманан мазлагIа» (1991), «Доьналлин маьждиг» (1997), «Иэсан гIу» (1999), «Нохчийн кхерч» (шведийн маттахь, 2011), «Илли а, мухIажаралла а» (гIазакхийн маттахь, 2015), «Хьан кхерчан суй» (2015), «Иэсаца къамел» (2016). Юсупов Iилманан байташ араюьйлу нохчийн, оьрсийн, украинхойн, болгархойн, шведийн, ингалсан, испанхойн меттанашкахь. 2001 шарахь дуьйна эмиграцехь ву иза. Карарчу хенахь Швецехь вехаш ву. 2015-чу шарахь Швецин пачхьалкхан яздархойн Союзо шен могIаршка дIаэцна Юсупов Iилман.

XS
SM
MD
LG