ТIекхочийла долу линкаш

Юсупов Iилман. ГIад-амал дайина...


Гуьржийчоь -- Абхази

Гуьржийчоь -- Абхази

***

ГIад-амал дайина лайн баьрзнийн олалло,

Са санна шийла сан гIорийна латта ду.

Шен ирча шок етта къиза мохк болалой,

Лайн чимийн хIур таса стигланна атта ду.

Вахарний, кхалхарний юккъера шийла хи,

Син бурам чийхадан, тIаьхь-тIаьхьа тIера ду.

Дог Iийжа, хала ду садетташ, къийла и

ХIинца и шеконе къепенна къера ду.

ДитташтIе хьаьрчинчу юргIано дахкаран

Сагатдо мут лардан гIертачу орамийн,

Дахделла Iуьллу Iа, хийрачу махкара,

Шад хуьлуш са леца Iеминчу хорамийн.

Юсупов Iилман нохчийн поэт ву. Цо чекхъяьккхина Нохчийчохь юккъера школа а, А.А. Ждановн цIарах йолчу Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультет а. Белхаш бина школехь, газетийн а, журналийн а редакцешкахь, иштта Нохчийн Республикан Ичкерин дешаран а, Iилманан а министерствехь министран хьалхарчу гIовсан даржехь. Юсупов Iилман поэзин ворхI книгин автор ву: «Заманан мазлагIа» (1991), «Доьналлин маьждиг» (1997), «Иэсан гIу» (1999), «Нохчийн кхерч» (шведийн маттахь, 2011), «Илли а, мухIажаралла а» (гIазакхийн маттахь, 2015), «Хьан кхерчан суй» (2015), «Иэсаца къамел» (2016). Юсупов Iилманан байташ араюьйлу нохчийн, оьрсийн, украинхойн, болгархойн, шведийн, ингалсан, испанхойн меттанашкахь. 2001 шарахь дуьйна эмиграцехь ву иза. Карарчу хенахь Швецехь вехаш ву. 2015-чу шарахь Швецин пачхьалкхан яздархойн Союзо шен могIаршка дIаэцна Юсупов Iилман.

XS
SM
MD
LG