ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов Iилман. Швецера гоьлакаш...


Chechen Mountains
Chechen Mountains

***

Швецера гоьлакаш гIаш охьаэгийна евлла,

Iоман хин куьзганахь гIаргIулийн IиндагIаш го.

Ойланехь хьошалгIа йосайой со кхиъна эвла

Сайн дагалецаме доьху ас сайн синна гIо.

Ден хIусам, ца хилла атта хьан марзонах хьега

Хьо гина доцчу сан деношна гечделахь ахь!

Хьан кхерчан суй бу со, кхел хилла геналлехь хьега

Хиларе сатуьйсуш дIабар а хьан овкъаршлахь.

Юсупов Iилман нохчийн поэт ву. Цо чекхъяьккхина Нохчийчохь юккъера школа а, А.А. Ждановн цIарах йолчу Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультет а. Белхаш бина школехь, газетийн а, журналийн а редакцешкахь, иштта Нохчийн Республикан Ичкерин дешаран а, Iилманан а министерствехь министран хьалхарчу гIовсан даржехь. Юсупов Iилман поэзин ворхI книгин автор ву: «Заманан мазлагIа» (1991), «Доьналлин маьждиг» (1997), «Иэсан гIу» (1999), «Нохчийн кхерч» (шведийн маттахь, 2011), «Илли а, мухIажаралла а» (гIазакхийн маттахь, 2015), «Хьан кхерчан суй» (2015), «Иэсаца къамел» (2016). Юсупов Iилманан байташ араюьйлу нохчийн, оьрсийн, украинхойн, болгархойн, шведийн, ингалсан, испанхойн меттанашкахь. 2001 шарахь дуьйна эмиграцехь ву иза. Карарчу хенахь Швецехь вехаш ву. 2015-чу шарахь Швецин пачхьалкхан яздархойн Союзо шен могIаршка дIаэцна Юсупов Iилман.

XS
SM
MD
LG