ТIекхочийла долу линкаш

Яралиев Юсуп. Мох хьоькху.


Нохчийчоь -- Соьлжа-ГIала, стигалкъекъа-беттан 23-гIа де, 2016-гIа шо

Нохчийчоь -- Соьлжа-ГIала, стигалкъекъа-беттан 23-гIа де, 2016-гIа шо

Мох хьоькху

Буйннал бен йоцу, хIай

Сан Нохчийчоь,

Сиркхонийн мох хьоькху

хьан деган кхерчахь.

Осала некъаш ду

хьан некхах хьерчаш,

Доьналлин юьхь йина

Сан Нохчийчоь!

Реза яц кадечу кIенташна хьо,

Рицкъанан лайш хилла

хьайн кIентех бохуш.

Безаман лайш хилла

мехкарех бохуш,

Реза яц бос хазчу

мехкаршна хьо.

ХIун хила хьаьхна-те

хьан орамах?

Кхо хIума ду баьхна

сий дойъуш стеган.

Кхо хIума ду баьхна…

ХIунда ца мега,

Дависарг, дегI долчо

шен дола дан!

Яхь йолу кIентий

хьайн ца хилча, хIай,

Хьо ян а юй-техьа

ворххIе дайх йиснарг?

Къаьмнашлахь яккха цIе

ма яц хьан нисса,

Саоьзда мехкарий

ца хилча хьайн.

…Мархаш а ца хIуьттуш

сан бIаьргаш чу,

Малх богуш товш бара,

къамел деш хьоьга.

Дог лозу илланчин.

Ирсах ца хьоьгу.

ХIун дийр ду ирсах а,

дог кхаьрдачу?

Буйннал бен йоцу, хIай

сан Нохчийчоь,

Сиркхонийн мох хьоькху

хьан деган кхерчахь.

Осала некъаш ду

хьан некъах хьерчаш,

Доьналлин юьхь йина

сан Нохчийчоь!

Яралиев Юсуп вина 1955-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Казахстанехь. 1957-чу шарахь депортацера шайн даймахка юхадогIучу къомаца дайн Хорача олучу эвла вирзина. 1973-чу шарахь Веданара лоьмар I йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу университетехь дешна Яралиев Юсупа. Байташ язъян волавелла 5-чу классехь дуьйнна. Нохчийн университетехь кхоллаеллачу «Пхьармат» цIе йолчу литературан цхьаьнакхетараллин декъашхо а вара Юсуп.

Поэт хилла ца Iаш, Яралиев Юсуп меттан говзанча, историк, журналист ву. Дуккхаъ шерашкахь къахьегна цо школехь, кеп-кепарчу зорбанашкахь, телевизионехь а. Цуьнан стихаш зорбане йийлина журналаштIехь, газеташтIехь,тайп-тайпанчу гуларшкахь. Ишта Яраливс ша арахецна «Шовданан йистехь суьйре» цIе йолу шен байтийн киншка. Яралиевн дешнаштIехь кхолладелла дуккха а иллеш а, эшарш а ду.

XS
SM
MD
LG