ТIекхочийла долу линкаш

Безам я Воккхачу стеган безам

Тхешан юьртара цхьа воккха стаг волчу

хьажа-хIотта ваханера со.

Йоккха стаг базара яхана цIахь яцара.

Малх бузу хан яра.

ЦIен зIаьнарш хьийзара корах чу,

сахьийзош, гIийла.

Меттара воккха стаг

уьш ларъеш Iуьллура.

ЗIаьнаршца ойлане, тийна:

"Йоккха стаг а яц йогIуш, - элира сихдина,

хIун хилла хьеелла-те и"?

Чухьоьжу цIен зIаьнарш

"гIагI" аьлла йилхира.

Я ишта хийтира-те и.

ТIаккха соь элира, бIаьрхиш а делийна,

Ас шега ладоьгIий хиъна:

"Кегийчийн хIун бехк бу,

сел ойла гIелйина,

ас а сил сагатдеш хипча».

Яралиев Юсуп вина 1955-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Казахстанехь. 1957-чу шарахь депортацера шайн даймахка юхадогIучу къомаца дайн Хорача олучу эвла вирзина. 1973-чу шарахь Веданара лоьмар I йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу университетехь дешна Яралиев Юсупа. Байташ язъян волавелла 5-чу классехь дуьйнна. Нохчийн университетехь кхоллаеллачу «Пхьармат» цIе йолчу литературан цхьаьнакхетараллин декъашхо а вара Юсуп.

Поэт хилла ца Iаш, Яралиев Юсуп меттан говзанча, историк, журналист ву. Дуккхаъ шерашкахь къахьегна цо школехь, кеп-кепарчу зорбанашкахь, телевизионехь а. Цуьнан стихаш зорбане йийлина журналаштIехь, газеташтIехь,тайп-тайпанчу гуларшкахь. Ишта Яраливс ша арахецна «Шовданан йистехь суьйре» цIе йолу шен байтийн киншка. Яралиевн дешнаштIехь кхолладелла дуккха а иллеш а, эшарш а ду.

XS
SM
MD
LG