ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яралиев Юсуп. Зама дIайоьду...


Нохчийчоь --ТIаьхьара ишколехь горгали бекар Соьлжа-ГIала, 2016
Нохчийчоь --ТIаьхьара ишколехь горгали бекар Соьлжа-ГIала, 2016

***

Зама дIайоьду шен боларца,

тамаш-м цунах ца бора ас.

Цкъа дагца ачо йоллушехь,

Мухха а уллохь тIехволлушехь,

Коьртах куьг хьакхча ас берана,

беро шен накъосте элира,

Адамаш, цкъа ойла елаш,

элира, соьх къайллах меллаша:

"Гергара ма ву и вайн"!

И гира, хезира дайн,

ЦIен зезаг хьоьстучу бацана,

Со-м беран герагара вацара,

Аьхна куьйг хьаькхнарг шен гергара

Хеттал, ша ирсе дерг бер дара.

Малх бара рицкь луш лаьттана,

Ткъа со сайх цеваьлла лаьттара.

Ца кхеташ дуьненахь, тахана,

Дог оьгIаз сайн хIунда дахана.

Зама дIайоьду шен боларца,

Цо шеца хьой-те и толам сан!?

Яралиев Юсуп вина 1955-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Казахстанехь. 1957-чу шарахь депортацера шайн даймахка юхадогIучу къомаца дайн Хорача олучу эвла вирзина. 1973-чу шарахь Веданара лоьмар I йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу университетехь дешна Яралиев Юсупа. Байташ язъян волавелла 5-чу классехь дуьйнна. Нохчийн университетехь кхоллаеллачу «Пхьармат» цIе йолчу литературан цхьаьнакхетараллин декъашхо а вара Юсуп.

Поэт хилла ца Iаш, Яралиев Юсуп меттан говзанча, историк, журналист ву. Дуккхаъ шерашкахь къахьегна цо школехь, кеп-кепарчу зорбанашкахь, телевизионехь а. Цуьнан стихаш зорбане йийлина журналаштIехь, газеташтIехь,тайп-тайпанчу гуларшкахь. Ишта Яраливс ша арахецна «Шовданан йистехь суьйре» цIе йолу шен байтийн киншка. Яралиевн дешнаштIехь кхолладелла дуккха а иллеш а, эшарш а ду.

XS
SM
MD
LG