ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яралиев Юсуп. Дика стаг.


Дика стаг

Хьан дикалло къарвина со, гIелвина.

Чолакх амал сан дагах ахь херъйина,

Хьан дикалло стаг вина сох, стаг вина.

Сан вуон амал эшийна ахь, кагъйина.

Хьан дикалло вохвина со, денвина,

Вуон ойланаш сан дагах ахь херъйина,

Хьан гIиллакхо ма вина со гIиллакхе,

Хьекъал тоахь денна цуьнах хир лакхе.

Яралиев Юсуп вина 1955-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Казахстанехь. 1957-чу шарахь депортацера шайн даймахка юхадогIучу къомаца дайн Хорача олучу эвла вирзина. 1973-чу шарахь Веданара лоьмар I йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу университетехь дешна Яралиев Юсупа. Байташ язъян волавелла 5-чу классехь дуьйнна. Нохчийн университетехь кхоллаеллачу «Пхьармат» цIе йолчу литературан цхьаьнакхетараллин декъашхо а вара Юсуп.

Поэт хилла ца Iаш, Яралиев Юсуп меттан говзанча, историк, журналист ву. Дуккхаъ шерашкахь къахьегна цо школехь, кеп-кепарчу зорбанашкахь, телевизионехь а. Цуьнан стихаш зорбане йийлина журналаштIехь, газеташтIехь,тайп-тайпанчу гуларшкахь. Ишта Яраливс ша арахецна «Шовданан йистехь суьйре» цIе йолу шен байтийн киншка. Яралиевн дешнаштIехь кхолладелла дуккха а иллеш а, эшарш а ду.

XS
SM
MD
LG