ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яралиев Юсуп. Юкъ къовлуш доьхкур ду...


****

Юкъ къовлуш доьхкур ду ас гIодах доьхка,

Гойтур вац луурдаьндолчунна воьхна.

Со лело хьожур ву некъашца гIиллакх,

Сан сибат некъашна ган йиш яц гIийла.

Хьо гIила ахь гайтахь, я гIиллакх доцуш,

Хир бац хьан доттагIий, хир бац хьо лоруш.

ХIун ала деза ас со оьшучаьрга,

Некъ некъах ца кхардарх стаг стагах кхаьрда.

Яралиев Юсуп вина 1955-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Казахстанехь. 1957-чу шарахь депортацера шайн даймахка юхадогIучу къомаца дайн Хорача олучу эвла вирзина. 1973-чу шарахь Веданара лоьмар I йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу университетехь дешна Яралиев Юсупа. Байташ язъян волавелла 5-чу классехь дуьйнна. Нохчийн университетехь кхоллаеллачу «Пхьармат» цIе йолчу литературан цхьаьнакхетараллин декъашхо а вара Юсуп.

Поэт хилла ца Iаш, Яралиев Юсуп меттан говзанча, историк, журналист ву. Дуккхаъ шерашкахь къахьегна цо школехь, кеп-кепарчу зорбанашкахь, телевизионехь а. Цуьнан стихаш зорбане йийлина журналаштIехь, газеташтIехь,тайп-тайпанчу гуларшкахь. Ишта Яраливс ша арахецна «Шовданан йистехь суьйре» цIе йолу шен байтийн киншка. Яралиевн дешнаштIехь кхолладелла дуккха а иллеш а, эшарш а ду.

XS
SM
MD
LG