ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яралиев Юсуп. Собаре бIаьргаш.


Нохчийчоь -- мангал-беттан 20-гIа де 2013.
Нохчийчоь -- мангал-беттан 20-гIа де 2013.

Собаре бIаьргаш

Дилхинчу дагна ма хаьа

хьал доьлхучу деган.

Дилха дог, йиш йоьхна,

гIайгIанан мукъамех хьегна.

ДогIанна язъелла стигал ю

йочане, гIийла,

Юьртан а юкъара воI велла

да санна, тийна.

Ткъа дега хьовсийша.

ПаргIат го ден шийла бIаьргаш.

Йо гора собар яI! Ден бIаьргех

бIаьрхиш ца кхаьрда.

Ткъа стигал-м тезетан

бIаьрхишца йоллу тIеелха.

Вон ма ду тIедеънарг:

кIант велла дуьненан мехха!

Мух-мухха бохам бац

шел хьалха доьзалхо кхалхар!

Лан къаьхьа вон ду и,

стаг собарх, гIиллакхах воххал.

Вай-м дезаш кхиийний,

лардиний наноша, дайша…

Сан даго узам би,

тезетахь да тийна вайча.

Макхъелла и стигал

къаьхьачу вонца тIеелхарх,

Собаре хиллачу сан дех а,

вайн ворххIе дех а

Илланчас даьккхина илли а

алаза диснехь,

И дисна нохчаша

гIиллакхаш аьгначу ирзехь.

Яралиев Юсуп вина 1955-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Казахстанехь. 1957-чу шарахь депортацера шайн даймахка юхадогIучу къомаца дайн Хорача олучу эвла вирзина. 1973-чу шарахь Веданара лоьмар I йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу университетехь дешна Яралиев Юсупа. Байташ язъян волавелла 5-чу классехь дуьйнна. Нохчийн университетехь кхоллаеллачу «Пхьармат» цIе йолчу литературан цхьаьнакхетараллин декъашхо а вара Юсуп.

Поэт хилла ца Iаш, Яралиев Юсуп меттан говзанча, историк, журналист ву. Дуккхаъ шерашкахь къахьегна цо школехь, кеп-кепарчу зорбанашкахь, телевизионехь а. Цуьнан стихаш зорбане йийлина журналаштIехь, газеташтIехь,тайп-тайпанчу гуларшкахь. Ишта Яраливс ша арахецна «Шовданан йистехь суьйре» цIе йолу шен байтийн киншка. Яралиевн дешнаштIехь кхолладелла дуккха а иллеш а, эшарш а ду.

XS
SM
MD
LG