ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Крым. Реалии" сайтана дуьхьаляьлла прокурор Поклонская


Украина -- "Крым.Реалии" радио. Киев, 2016.
Украина -- "Крым.Реалии" радио. Киев, 2016.

"Крым.Реалии" цIе йолчу Маршо Радион Украинин сервисан дакъа долчу сайтана дуьхьало хIоттаяйта дагахь ю ГIирман прокурор Поклонская Наталья. ТАСС агенталле цо бинчу хаамца, цу хьокъехь кехаташ дIадала дагахь ю иза Оьрсийчоьнан коьртачу прокуратуре а, «Роскомнадзор» урхалле а.

Поклонскаяс чIагIдарехь, "Крым.Реалии" сайто зорбане йоху материалаш Iалашо йолуш ю ГIирмехь Оьрсийчоьно лелориг сийсаз дан. Хьалхо Поклонскаян дехарца Оьрсийчоьнан юстицин министралло дихкира Оьрсийчоьно дIалаьцначу ахгIайренехь болх бар ГIирмерчу гIезалойн Меджлисана.

Меджлис ехкарна ГIирмерчу гIезалойн леррина сий дайа гIортарна аьлла цIе а йолуш, Киевехь бехк-такхаман гIаллакх схьадиллина Поклонскаяна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG