ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулаев Мохьмад. Дашо ойла.


Нохчийчоь --Тевзана, 2016
Нохчийчоь --Тевзана, 2016

ДАШО ОЙЛА

Мичахь ю-техьа и сан дашо ойла?

Цкъа эххар карайо, ткъа йов и эххар.

Цкъа гира суна и хьош юьрта тIехула

Курачу аьрзуно, тIам ластош бехха.

Цуьнан тIома тIepa и юьйжира лаьтта —

Цу сохьтта хьаладаьлла, лестара ялта.

Мичахь ю-техьа и сан дашо ойла?

Цкъа гира суна и масачу луно

Жимачу маIаш тIехь хьош лома тIехула,

Схьалаца йиш йоцуш кхоьссинчу чIуно.

Iин чу и иккхира, зIаьнаршца лепаш, —

Ду хIетахь дуьйна а хи Iин чохь декаш.

Мичахь ю-техь и сан дашо ойла?

Цкъа гира суна и Буракъан букъа тIехь.

И хьалабедира тхан эвла тIехула.

ТIаккха дIабайра и, нур латош дукъа тIехь

Бу хIетахь дуьйна а малх бузуш-гIоттуш,

Го бохуш, лоьхуш и, лаьмнашка хоьттуш.

XS
SM
MD
LG