ТIекхочийла долу линкаш

Хин йистехь..

Суьйренца, хилларш дагалоьцуш,

Хин йистехь тийна Iара со,

Хетара суна суо ирс доцуш,

Яцарна, доттагI, сайца хьо.

ТулгIенна тулгIе коча хьерчаш,

Хи суна хьалхха доьдура,

Ойланна ойла тIаьхьа керчаш,

Мел дайнарг дагаоьхура.

Седано хиндерг шена дуьйцуш,

Бутт стиглахь белакъежара.

Ойлано хилларг дуьхьалтуьйсуш,

Хьан амат хьалха хIуьттура.

Цу стиглахула седа, бедда,

Буьйсанна йистехь дIабайра,

Сан бесни тIехула тIадам, хьаьдда,

Доьдучу хи чу буьйжира.

Генарчу стиглахь байна седа

Кхин цкъа а юха летар бац...

Амма, сан даг чохь даим къедаш

Хьо цкъа а, доттагI, йовр а яц...

Гоьваьлла нохчийн яздархо а, байтанча а Сулаев Мохьмад (1920 - 1992) вина 1920-чу шеран гезгмашин-беттан 20-чу дийнахь ГIойтIахь. 1941-чу шарахь Мохьмада чекхйоккху Бакура лоьрийн институт. Лоьралла а, яздархочун болх а цхьаьна дIакхийхьира цо. М.Сулаевс дуьххьарлера шен байташ язйира 1935-чу шарахь. Кхоллараллин хьалхара мур чекхболу 1943-чу шарахь «Малх тоьлур бу» поэма язъярца. 1958-чу шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу стихийн гулар араяларца дIаболало поэтан кхоллараллин керла мур. ХIетахь дуьйна цо арахоьцу поэзин, прозин дуккха а книгаш: «Велларг денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Товсолта ломара дIавоьду», «Дагчуьра суйнаш», «Бакъдерг», «Адамалла», «Сирла суьйре»… Поэтан кхалхар хилла 1992-чу шарахь.

XS
SM
MD
LG