ТIекхочийла долу линкаш

Шина оьрсийн эпсарх кестта хийца мегаш ю Савченко


Украина -- Савченко Надеждица къамел деш ву Порошенко Петро, цуьнан нана а, йиша а ладугIуш а йолуш. Киев, Охан-бутт 19, 2016

Украина -- Савченко Надеждица къамел деш ву Порошенко Петро, цуьнан нана а, йиша а ладугIуш а йолуш. Киев, Охан-бутт 19, 2016

Шинарин бусу Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца телефонехула къамел деш, гарехь, аьтто баьлла Савченко маьршаяккхаран некъ аьлла дIахьедар дина Украинин президенто Порошенко Петрос.

Украинин эскархо Савченко, 22 шо хан а тоьхна, чуйоьллина ю Оьрсийчохь, оьрсийн урналисташ бойуш дакъалаьцна аьлла. И зуда маьрша яккхар вуно мехала хIума ду шена бохуш вара Порошенко.

Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрий тIечIагIдина Путина а, Порошенкос а телефонехула къамел деш Савченкон кхоллам бийцаре бина хилар. Амма кхин билггала хин дерг цадийцина Песковс. Оршот дийнахь Киеверчу кхело, шинне а 14 шераш а тоьхна, чувоьллина оьрсийн ши эпсар Ерофеев Евгений а, Александров Александр а, Украинина дуьхьал тIом барна бехке а вина.

Цул тIаьхьа цхьамогIа Оьрсийчоьнан а, Украинин а политикаша дIахьедарш дира цу гIуллакхо аьтто бийр бу и ши стаг Савченкох хийца аьлла.

Порошенкос телефонехула шен хиллачу къамелехь дехар а дина, мацалла хьегар сацийна Шинарин дийнахь Савченко Надеждас.

XS
SM
MD
LG