ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь реза яц Европан кхелан сацамашна даредан


Европан кхелан кхеташо, 2016
Европан кхелан кхеташо, 2016

Оьрсичоьнан Конституцин кхело магийна Европан адамйн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамех цхьаберш кхочуш ца беш бита.

Оьрсийчоьнан Iедалшна хетарехь, Европан кхелан сацамаш Оьрсийчоьнан Конституцица богIуш бацахь, уьш кхочуш бан ца оьшу.

И бакъо луш долу низам тIеэцна, къобалдина Путин Владимира.

Хьалхо Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дийцаредира, Оьрсийчоьнан Iедалдайша адамийн бакъонаш ларъеш, лоруш цахилар.

Иштта, Европан кхело, низамо бакъо луш хилар набахтешкарчу тутмакхашна харжамашкахь дакъалаца, ткъа и бакъо тутмакхашкахь цайитар.

Чиллан-беттан юьххьехь Оьрсийчоьнан юридикан министралло Конституцин кхело сацамбира, Европан кхело Анчугов, Гладковн хьокъехь бина сацам кхочуш бар доьхкуш.

2004-2005-чу шерашкахь Анчугов Сергейс а, Гладков Владимира а Европан кхеле арз динера, набахтехь хан токхучу шаьшшина харжамашкахь дакъа лаца бакъо цаяларх лаьцна.

Конституцин кхело бахарехь, Анчугов а, Гладков а къиза зуламаш лелорна набахтехь валлош ву, цундела царна бакъо лойла дацара харжамашкахь хила.

Анчуговн а, Гладковн а гIуллакх бахьанехь, дуьххьара дийцаредира Оьрсийчохь Европан кхелан муьлхха а сацам кхочушбан богIуш цахилар.

Конституци цхьаъ ю, хетарш – кеп-кепара.

Кхелахочо Князев Сергейс Би-би-си-га дийцира, Оьрсийчохь бехк токхуш набахтехь хан йоккхучийн бакъо яц харжамашкахь дакъалаца, шена и дехкар нийса а цахетар а къадош.

Кеп-кепара хьежамаш бу конститицин кхело бинчу сацаме экспертийн, юристийн, тергамчийн.

Маршо Радио зIене елира ткъе иттех сов шо юридикан системехь болх беш волчу Хадисов Мусаца. Оьрсийчоьнан Конституцин кхело тIеэцначу сацамах шена хетарг довзийтира цо.

Хадисов: «Страсбургерчу кхелан сацамаш кхочуш ца бан бакъо ю аьлла, сацам бина лакхарчу конституцин кхело. Дуьненаюкъахь иштта дуьйцуш ду иза, нийса дуй, даций, бохуш.

Страсбургерчу кхелан сацамаш шаьш кхочушбийр бу аьлла куьйг яздина, бина барт боллушехь, хIинца юхабевлла-кх уьш. Шайн пачхьалкхана зене долу хIума кхочушдийр дац шаьш бохуш Иза а нийса ца лору юристаша».

Конституцин кхело тIейогIучу хенахь луьстур ду ЮКОСА-н акционаршна, Европан кхело бинчу сацамца, Оьрсийчоьно такха догIа аьлла лору 2 миллиард евро тIедожош гIуллакх.

XS
SM
MD
LG