ТIекхочийла долу линкаш

ДАIИШ-ан тIемало хиллачу Товсултановна кхел еш ю Нохчийчохь


Нохчийчоьнан талламхоша бехктакхаме гIуллакх дуьхьал даьккхина махкарчу вахархочунна Товсултанов Рустамна, иза шо гергга Шемарчу тIамехь дакъалоцуш хиларца доьзна.

Болчу хаамашца, дахначу шеран Чиллан-баттахь Туркойчуьра дIавахана Товсултанов «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета. Цул совнаха, бехкевечо шен зуда а, кегийн бераш а дехьа даьхна хилла шеца тIеман юккъе.

Шемарчу тIамехь дакъалоцуш хилла бехкевечун воккхахволу ваша а. Шемахь маьршачу нахана тIехь ДАIИШ тобано лело къизаллаш шена тусайоьлча, дохко а ваьлла юхавеара ша, аьлла дийцина Товсултановс талламчашка. Карарчу хенахь цунна гонах дIахьош бу талламан белхаш.

XS
SM
MD
LG