ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брюсслехь дагадовларш д1адаьхьна НАТО-н а, Оьрсийчоьнан а векалша


Белги -- НАТО-н инарла секретар Столтенберг Йенс, Охан-бутт, 20, 2016
Белги -- НАТО-н инарла секретар Столтенберг Йенс, Охан-бутт, 20, 2016

Атлантикан альянсан (НАТО-н) инарла секретаро Столтенберг Йенса бинчу хаамца, цхьаьнакхетаза ши шо гергга даьллачул тIаьхьа дийцарш дIадаьхьна альянсан а, Оьрсийчоьноан а векалша Брюсселехь. «КIорггера цакхетамаш белахь а, парггIат, шуьйрра» къамел дина агIонийн векалша Кхаарин дийнахь.

Альянс реза яц Украинера хиламаш Оьрсийчоьно шен кепехь тидарца, оцу пачхьалкхаца цо дIахьочу политикана, альянсан декъашхошна ца тов Украинехь лаьтта тIемаш оцу мехкан чоьхьарчу ницкъаша дIахьош бу вовшашца Оьрсийчоьно бахар, Кремло талхош бу Украинан малхбалехь машар, сепаратисташна герзашца а, эскаршца а гIо а деш» - бохура Столтенберга.

Альянсан дипломаташа резадацар довзийтира дахначу кIиранах Iамеркан хинкеманна гергахь Оьрсийчоьнан кеманаш нисдаларца доьзна. Лурчаха бIаьста гаррах, вовшашна ганза бара НАТО-н а, Оьрсийчоьнан а векалш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG