ТIекхочийла долу линкаш

Украинхой кеста Европе виза йоцуш лелар бу


Белги – Украинан президент Порошенко Пётр а, Еврокомиссин президент Джан-Клод Юнкер а, Европан Кхеташонан президент Доналд Туск а Брюсселехь хиллачу цхьаьнакхетарехь, зазадоккху бутт, 17 де, 2016 шо.

Белги – Украинан президент Порошенко Пётр а, Еврокомиссин президент Джан-Клод Юнкер а, Европан Кхеташонан президент Доналд Туск а Брюсселехь хиллачу цхьаьнакхетарехь, зазадоккху бутт, 17 де, 2016 шо.

Еврокомиссис Украинана хьалхадиллина визаш украинхошна дIаяхар. И хаам Брюсселехь бина Еврокомиссин векало Маргарита Схинас оханбеттан 20-чу дийнахь. Еврокомиссис украинхой виза йоцуш Европе чубитаран хьокъехь сацам бина, Нидерландийн пачхьалкхан бахархоша Украинан а, Евробертан а ассоциацина хьокъехь хиллачу референдумехь цунна дуьхьал къаж теснешшехь. И хаттар кху шарахь листа тарло Европо кхаа беттанна тIера ялх беттанна тIекхаччалц, аьлла дIахьедина Еврокомиссино. Ткъа и сацам бахь, украинхойн аьтто хир бу Европехь кхо бутт виза йоцуш баккха.

XS
SM
MD
LG