ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

6 шо долу ОфхIанера йоI ТехIерана уллорчу гIалахь еро оьгIазбахийтина гIажархой


ОфхIананчоь - Жигархоша Кабулехь протест хIоттийна 6 шо долу офхIанхо йоI Сетаеш Къурайши ГIажарийчохь ерна дуьхьал. Охан бутт 20-гIа де, 2015
ОфхIананчоь - Жигархоша Кабулехь протест хIоттийна 6 шо долу офхIанхо йоI Сетаеш Къурайши ГIажарийчохь ерна дуьхьал. Охан бутт 20-гIа де, 2015

6 шо долу ОфхIанера йоI йийна ТехIерана гергга. Инзаречу оьгIазлонца тIеэцца и ирча хаам могIарерчу гIажархоша а, гоьбаьллачу наха а, Iедалхоша а.

Уггаре лаххара а цхьа миллион ОфхIанера мухIажирех а, ханна болхбан баьхкинчу белхалойн кхолламах а, наггахь бен ца яцдо ГIажаран зорбанехь. Амма 6 шо кхаьчча йоI ТехIерана гергга еро и гIиллакх дохийна. Сетайеш Къорейши Вараминехь ерна шекаволуш дIалаьцца цуьнан гIажаройн лулахо.

Инзаречу оьгIазлонца тIеэцца и хаам могIарерчу гIажархоша а, гоьбаьллачу наха а, Iедалхоша а. Зорбанехь а, интернетехь и йоI енле хьалха хьийзина хилла бохучу гучуйуьйлучу рапорташа и оьгIазло алсамйоккху. Ткъа полисхоша, цу 17 кхаьчча кIанта барт хаттамехь ша йоI ерна дарре дина аьлла дIахьединнехь а, цкъачунна цо йоI хьийзина хилар бохург тIе ца чIагIдина. Оханбеттан 10-чу дийнахь дина и къиза зулам хIинца а толлуш ду, ткъа аутопсин жIамIаш гучудохур ду кху кIирнахь.

Дукха гIажархоша интернетехула емалдо и зулам, ткъа вуьш –бакъо йоцуш офхIанан пачхьалкхан векалтана хьалха маьрша протест дIахьочу офхIанхойх дIакхийтира иттанашкахь. ТIаьхьо и нах полицино цигара дIабехира.

Вице Президент Шахиндохт Мовлавердис и йоI ер емал а дина, элира динчу зуламе хьаьжжина хир ду тIайзар а. “6 шо кхаьчча йоI Вараминехь йийна аьлла соьга кхаьчначу хаамо дог лазадаьккхина сан,” бохуш яздо Мовлавердис шен фейсбук агIонехь. Мовлавердис тIетуьхира и йоI йийнчу кIентан доьзална шаьш дийна мел ду эхI а, бехке а хета деза шайн чуьра цхьаъ цу адамалла йоцучу зуламна бехке хиларна”. “Цу бохаман кIоргалла гойту нах интернетехула и хаам шуьйра дийцаре даккхаро а, дукха наха и хаам иштта тIеэцаро а,”- элира Мовлавердис.

Йинчу йоIан дас, Шер Ага Къорейшис, ГIажаран хаамийн гIирсашка элира шен йоI Оханбеттан 10-чу дийнахь делкъанна араелира уллорчу туьканна чуьра марзолагаш эца, ткъа иза кхин цIа ца еара. 16 шо хьалха ОфхIан махках ваьлла ханна болхбан веанчу Къорейшис элира шен зудчо шега шен сахьийза аьлла телефон тоьхча, ша балхахь вара элира. Гергарчу нахехула чекхваьлла, Iуьйре яллалц шен йоI лулахь – кулахь кар ца йича, низамхошка орца дийхира цо. Низамхошна йийнчу йоIан дакъ сихха карийра.

Бохамо дог дохийнчу доьзало йоI йийнчу зуламхочунна вен аьлла кхел яр дехна. Къорейшис элира дукха офхIанхоша а, гIажархоша а шайга дог оьцуш а, кадамбеш а кехаташ оьхийту. ТIаккха а, цо билгалдаьккхира гIажарийн хаамийн гIирсаш юьхьенца мелаша хьевзира цу зуламан хьокъехь хаам бан. “Вийнарг гIажархо хиллехьра, ткъа зуламхо офхIанхо а хиллехьара, иштта бен ца хеташ буьсур барий хаамийн гIирсаш?”, даладо цуьнан дешнаш Иранваярса. Гоьваьлла гIажарин поэт ЯгIма Голру вара интернетехула ша реза ца хилар хьалхара дIахаийтанчарех. Инстаграм чу шен сурт а диллина, коьртах офхIанан куй а тиллина, цо яздира: “Со ву офхIанан нехан доттагI”. ГIажарой офхIанерчу мухIажиршна дуьхьал озабезаме хиларна критик а еш, цо яздира: “ Вай дарре дахь а, ца дахь а, вай расистийн къам ду, вай куралла йо вайн историх а, вайн шийрачу цивилизацих а, шийрачу паччахьех а.

Бусалбачу республик бухбиллархочуьнан АятоллахI РухолаллахI Хоменин кIент кIант волчу, реформаш яр къобалден Iелам стага Хассан Хоменис яздира: “Кху хаамийн эккхийтар санна сихачу заманчохь, вайна и къаьхьа хаам сел тIаьхьа хазар инзаре тамашена хета.” Хоменис элира, ишта бохам хилча “башхалла яц и йоI офхIанхо я гIажархо хиларх.” Цо тIетуьхира “и бохам хиллачу нахана халах ду кхечу мехкан цхьаллехь и санна болу тIехIоьттина бохам лан.”

Малхбалерчу техIранерчу полицин хьаькамо Абдул Реза Назирис чIагIо йира низамхоша “и йоI еран гIуллакх шайн ницкъ кхочучу барамехь толлур ду,” аьлла. “Оха Сетаешин доьзална дош делла, оха цера и жима йоI тхайн йолуш санна лору, аьлла”, даладо цуьнан дешнаш ИСНА хаамийн гIирсаша.

“Полицина лаьа зуламхочунна уггаре луьра тIайзар дойла,” элира цо. Вараминерчу меттигерчу парламентхочо, Хьуссейн Нагави Хьуссейнис элира, йийна йоI муьлхачу къомах хилар мехала дац Гiажар пачхьалкхан кхелан системена. Сетаеш цIе йолчу йоI йийнчунна кхел йийр ю “Исламан республикан низамашца.”

Цу юкъан, “со Сетаеш ю” цIе йолу фейсбукан агIо кхоьллина йийнчу жимачу йоIан сийнна, ткъа цунна масех дийнахь 10, 000 сов лайк а хIоттийна, бIеннашкахь комментареш а йитина, цхьамоггIа гIажархоша а, офхIанхоша а.

XS
SM
MD
LG