ТIекхочийла долу линкаш

Iамерик а, цуьнан Iарбойн бартхой лерина бу 'Исламан Пачхьалкх' шех олучу тобана бе тIеман Iаткъам алсамбаккха


Президент Барак Обама а, Iарбойн пачхьалкхийна куьйгалхой а, Мерилендехь. Стигалкъекъа-бутт, 15 де

Президент Барак Обама а, Iарбойн пачхьалкхийна куьйгалхой а, Мерилендехь. Стигалкъекъа-бутт, 15 де

Риядехь лакхарчу тIегIанехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Барак Обама дIахаийтира Iамерик хIинца ГIажар пачхьалкхо регионехь дечунна, регионерчу экономикан хьолана а гIайгIайнехь хилар. Ткъа Обамас тIетуьхира: “Вайн къамнех цхьа а къам дац ГIажар пачхьалкхца конфликт хиларна хьашт йолуш.”Вашингтонан Iарбойн бартхой саготта бу Iамерикас ГIажар пачхьалкхца зарратан герз кхиочу хьокъехь бинчу бартана. Iамеркан Президент Барак Обама элира Iамеркан Цхьаьнатохначу Штаташа а, цуьнан Iарбойн бартхоша бартбина “Исламан Пачхьалкх” шех олучу тобана дуьхьал кхиндIа тIом цхьаьна бан а, регионера конфликташ цхьаьна листа а. Обамас кхиндIа а дIахьедира Iамерик а, цуьнан бартхо йолу 6 Iарбойн пачхьалкх а реза хилира Иракъехь а, Шемахь а нахана гIоден болх а, 'Исламан пачхьалкх' шех олу тоба хIаллакъян тIехьажийна болх алсамбаккхар а. Цо кхиндIа а билгалдаьккхира дуьйненаюкъарчу юкъаралло 'Исламан Пачхьалкх' шех олучу тобана дуьхал тIаьхьарчу хенахь дуккха кхиамаш баьхна.

XS
SM
MD
LG