ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ненан маттах а нехан маттахь...


Мотт вуно тера бу адамах. Цуьнан санна, чохь са ду, дог а ду, корта а бу. Амма вай иза дено-дено айпе бо.

Нохчийн меттан де герга мел кхочу махкарчу кIошташкахь къарзъйо яртийн, гIаланийн майданаш бес-бесарчу банершца.И цабайта, ка-мIараш хьоькхуш, къахьоьгу дуккхаъчу махкарчу Iилманчаша, яздархоша. Хьал ма-дуьйццу, гIад дайна, ирча а дац аьлла, ойлаерш а бу царалахь.

Кегийн а, баккхийн а нах, тайп-тайпанчу хьукматашкара белхахой, хьаькамаш нохчийн духарш тIекхулий, шайн-шайн белхан меттигашкахь хьехон буьйлу нохчийн мотт.

Оьрсийн маттаца цхьана пачхьалкхан тIегIанехь лелош бу, нохчийн меттан оьрсийн меттан санна бакъонаш ю, бохуш, яздо цхьаболчу Нохчийчуьрчу Iилманчаша.

Ткъа иза шеконе дуьллу ахь, суьйранна телехьожийлехь, радиочохь ца хеддаш бека оьрсийн мотт хезча.

Муьлхха а иллиалархочун я яздархочун кхоллараллин суьйре дIахьош буьйцург оьрсийн мотт хуьлу.

Берийн башмашкахь, школашкахь, белхан хьукматашкахь, автобусчохь, туьканахь-базарахь лергашна хезарг оьрсийн мотт хилча, хуьлий цу шина меттан бакъонаш цхьатерра?

Мехкан куьйгалхошна лаъалц хьал хийцалур ду ала а дац.

Оьрсийн мотт ца хиича, меца вуьсу, иза ца хуург Iовдал а хета. Ткъа нохчийн мотт бисина хIусамашкахь ша-шена лела, садоIучу хенахь бийца.

Вац нохчийн мотт ца хаарх стагга а лийр, меца вуьсур. Вуьсур ву хенан йохалла иза бада а бедда шен дахарера....

Мотт а бу адам санна, шен дегабаамаш а, шен восаш а лелаш шеца. Терго яцарна иза дIагIур бу генна, юха а ца бан.

Шеца дIахьур ду дерриг а, адамо "со нохчо ву" бохуш диттинчу дозаллашца цхьаьна.

XS
SM
MD
LG