ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан керла омбудсмен ю


Оьрсийчоь -- Керла президентан бакъонашларъярхойн омбудсмен Москалкова Татьяна Думехь, охан-беттан 22 де, 2016

Оьрсийчоь -- Керла президентан бакъонашларъярхойн омбудсмен Москалкова Татьяна Думехь, охан-беттан 22 де, 2016

Оьрсийчоьнан парламентан лахарчу цIийно, цхьана хенахь полисхо хилла Москалкова Татьяна, тIечIагIйина мехкан президентан бакъонашларъярхочуьнан векалан даржехь. Охан-беттан 22-чу дийнахь къайлах тесна кхаьжнаш дагардича хиира, 323 Думан депутатех 11 дуьхьал кхаж тесна хилар, 1 кхажа тесна ца хилар, ткъа бисиначара иза цу даржанна къобалъеш кхаж тесна хилар. Цуьнца и дарж къовсуш кхин а пхи кандидат хиллера. Москалкова, цхьана заманчохь полицин инарла хилла ю, ткъа хIинца ‘Нийсон Оьрсийчоь’ олучу, Кремлица гергарло долчу, партин декъашхо ю. Кхаж тесначул тIаьхьа, цо дарж дIаоьцу дуй биъира. Цо цу даржехь хийцина Элла Памфилова. Элла Памфилова кху беттан юьхьехь централан хармажийн коммиссин куьйгалхо хIоттийна. Зазадоккхучу-беттан 30-чу дийнахь шен дIахьедарехь, Думехь цхьа а меттиг йоцу ‘Яблоко’ партино, низамхошка кхайкхам бинера Москалкова цу даржехь тIе ма чIагIъен, иза хьалхататтар “нийсонах забар яр” ду, аьлла.

XS
SM
MD
LG