ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Барт Македонин цхьаболчу Iедалхошна дуьхьал санкцеш яха дагахь ю


Македони - Президент Иванов Джоржан амнисти лучу сацамана дуьхьал протест
Македони - Президент Иванов Джоржан амнисти лучу сацамана дуьхьал протест

Европан Барт цхьаболчу Македонин куьйгалхошна дуьхьал санкцеш яхарна ойлаеш ю, дIадаханчу шарахь Iедалхошна дуьхьал коррупцин хьокъехь таллам бийр бу аьлла барт бохорна, ткъа цу бартана тIехь чекхбовларан метта Iедалхошна амнести дIакхайкхарна. ДIадаханчу шарахь мангал-баттахь Европан Бартано а, Македонино а барт бина хиллера харжамийн жамIаш хийцаран а, стаг вийнарг кIелхьараваккха гIортаран а боху дIахьедарш толлур ду, аьлла. Ткъа и зуламаш гучудаьккхинарг Македонин коьрта оппозицин парти яра. Цу партино 20,000 эзарал сов стага телефонехула дина, Iедало низам дохуш дIаяздина къамелаш Iорадехнера. Ткъа Македонин президенто Иванов Джорджо дIадаханчу кIирнахь 66 геч а дина, и таллам ма-дарра аьлча, сацийра. ДIакхакхийнчу амнистино Македонхой масех протесте арабехира. Протестхоша президенте даржера дIавала бохура. Амнести дIакхайкхинчарна юкъахь бара Македонин ханна даржера дIаваьлла, куьйгаллехь йолчу ВМРО партин декъашхо Груевски Никола а, кхечу партийн декъашхой а. ХIинца Европан Барт дагахь ю цхьаболчу Македонин Iедалхошна дIасалелар а, царна шайн ахчанах а, бахамах а пайдаэцар ханна дехка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG